Поурочные разработки по чеченской литературе 3 класс

Раздел Начальные классы
Класс 3 класс
Тип Конспекты
Автор
Дата
Формат zip
Изображения Нет
For-Teacher.ru - все для учителя
Поделитесь с коллегами:
Нохчийн литература Тема: «Кхоллараллин лехамехь» Б. Чалаев. 1-ра дакъа.(Аг1о 77-78) 1алашо: Б. Чалаевн «Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Дешархошна керл корматталла йовзийтар. Иза караерзо лаам кхоллар.Нохчийн шайн кхиамехь г1арабевлла нах бовзуьйтар, царех дозалла дан 1амор.Царех тарбала лаам кхиор. Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду меллашачу озана т1 ера ч1ог1ачу озана т1е а воьрзуш дийцаран тексташ еша 1амор. Дийцаран чулацамах кхета а 1емар ду бераш. Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна евзар ю керла корматалла иза йовза а , караерзо лаам кхоллалур бу. Урок д1аяхьар 1 . Ц1ера болх таллар. -Х1ун еллера шуна шуна ц1ахь 1амо? ( «Со а хир ву г1ишлоярхо» ц1е йолу дийцар) -Д1адеша дийцар. -Схьагайта шаьш дехкина суьрташ. Х1ун хаьа шуна цу г1ишлойх лаьцна? 2. Мотт шарбар. Бекъа-ц1ок Ц1ок-ц1ок, ц1ок-ц1ок! Бекъа ю со, къорза ц1ок. Когийн бергаш ас туху, Лаахь, хьо а хохкур ву. Хьажал, со мел хаза ю: Мел тамехь ду ц1ога, кхес, Ц1ок-ц1ок, ц1ок-ц1ок Йодур ю со хилла ткъес!

-Д1аеша меллаша массара цхьана меллашачу олзаца -Д1аеша ч1ог1ачу озаца массара цхьана ч1ог1ачу озаца. -Муха ю бекъа ? Хьуна езий ишттаниг? 3. 1алашо йовзийтар. -Муьлха произведени евзар ю шуна тахана? («Кхоллараллин лехамехь») -Мила ву цуьнан автор? (Б. Ча аев) -Х1ун болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш бахалур бу шуга тахана? -Вайна тахана евзар ю Б. Чалаевн «Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцар. Вайна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а нийса а дийцаран тексташ еша. Шуна евзар ю керла корматалла. 4. Керла тема хьехар. а) Кагделле дош х1оттар. -Хьовсал х1ара кагделла дош ду. И хоьттича шуна хуур ду: вайна муьлха корматалла евзар ю. тер, ак -Муьлха дош ду аша хоьттинарг? (Актер) -Мила ву актер? -Муьлха актераш бевса шуна? аь)Хьехархочо д1адоьшу Б. Чалаевн « Кхоллара ллин лехамехь» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа. б)Чулацамах къамел дар. -Мила ву Дудаев Муса? (Актер ву) -Иза юккъахь волуш муьлха кино гина шуна?) 5. Сада1аран миноташ. Чхьаьвриг Бос сийначу бацалахь, Можачу цу зезаг т1ехь, Къорза коч а юьйхина, Хаза чхьаьвриг, жима чхьаьвриг Т1емаяьлла лелара. - Жу-жу-жу, жу-жу-жу Зезаг аш т1ехь со ловзу. Махца тайна ю со лесташ, Цуьнца цхьаьна д1асалесташ. (Бераш д1асатехка). Суна карий зезаг т1ехь Йоккха 1аьржа чхьаьвриг. Карахь латто ца лаьа, Кисна юьллу ас иза. (Бераша гойту) Ой, охьаюьйжи, лаьтта юьйжи, (Охьатаь1а) Ченех юзуш сан чхьаьвриг. Т1емаяьлла д1аяха, д1аяха, Т1емаш лестош, генна д1а. (Куьйгаш лестадо) 6. Керла тема кхин д1а а хьехар. а)Бераша меллаша д1адоьшу меллаша массара цхьана Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцаран 1-ра .

аь)Бераша ч1ог1а д1адоьшу меллаша массара цхьана Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцаран 1-ра дакъа . б) Къастош ешар. -Мила ву Дудаев Муса? Д1аеша цунах лаьцна. -Мусана хаарий артисташ кечбеш йолу институташ юй? Д1аеша цунах лаций. -Муха тасавелира Муса деша ? Д1адеша цунах лаций. -Х1ун боху автора Мусан дешаран шерах? Д1адеша цунах лаций. -Маца чакхйоккху Дудаевс институт? Д1адеша цунах лаьцна. -Хьан до г1о Мусана? Д1адеша цунах лаций. -Хьанна лаьа шуна актер хила? 7. Рефлекси. -Муха кхиамаш бехи аша тахана? Хьайн белхан мах хадош сурт дилла маьлхан? 8. Жам1 дар. -Муьлха дийцар девзира шуна? -Мила ву цуьнан автор? -Хьанах лаьцна ду иза? 9. Ц1ахь бан болх балар. Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» 1-ра дакъа д1адеша.

















Нохчийн литература Тема: «Кхоллараллин лехамехь» Б. Чалаев. 1-ра дакъа.(Аг1о 77-78) 1алашо: Б. Чалаевн «Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Дешархошна керл корматталла йовзийтар. Иза караерзо лаам кхоллар.Нохчийн шайн кхиамехь г1арабевлла нах бовзуьйтар, царех дозалла дан 1амор.Царех тарбала лаам кхиор. Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду меллашачу озана т1 ера ч1ог1ачу озана т1е а воьрзуш дийцаран тексташ еша 1амор. Дийцаран чулацамах кхета а 1емар ду бераш. Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна евзар ю керла корматалла иза йовза а , караерзо лаам кхоллалур бу.

Урок д1аяхьар 1 . Ц1ера болх таллар. -Х1ун еллера шуна шуна ц1ахь 1амо? ( «Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» 1-ра дакъа дийцаран) -Д1адеша дийцаран 1-ра дакъа . 2. Мотт шарбар.

Со ду экха,

Хьо ду экха.

Со - дахка,

Ткъа хьо - хьакха.

Хьо - х1илланча,

Со-хьекъалча.

Хьекъал дерг -

Д1аволуш верг.

-Д1аеша меллаша массара цхьана меллашачу олзаца -Д1аеша ч1ог1ачу озаца массара цхьана ч1ог1ачу озаца. -Маца оьшу иштта байт? (Лечкъаргех ловзуш) 3. 1алашо йовзийтар. -Муьлха произведени евзар ю шуна тахана? («Кхоллараллин лехамехь») -Мила ву цуьнан автор? (Б. Ча аев) -Х1ун болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш бахалур бу шуга тахана? -Вайна тахана евзар ю Б. Чалаевн «Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцар. Вайна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а нийса а дийцаран тексташ еша. Шуна евзар ю керла корматалла. 4. Керла тема хьехар. а)Хьехархочо д1адоьшу Б. Чалаевн « Кхоллара ллин лехамехь» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа. аь)Чулацамах къамел дар. -Х1ун болх бо Дудаевс дешна ваьлча? (Актер хуьлий , ролаш ловзайо) -Кхин х1ун корматалла евза вайна Дудаевн? (Иза гочдархову, киноматограф ) -Хьенан произведенеш гочйина цо ? (А .Пушкинан) -Мила ву цунна кинош йохуш г1о деш? (Д. Омаев) -Мила ву Д. Омаев? -Мила ву М. Дудаевн да? (Яздархо ) 5. Сада1аран миноташ 6. Керла тема кхин д1а а хьехар. а)Бераша меллаша д1адоьшу меллаша массара цхьана Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа .

аь)Бераша ч1ог1а д1адоьшу меллаша массара цхьана Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» ц1е йолу дийцаран 2- г1а дакъа . б) Къастош ешар. -Х1ун боху Дудаевн гочдаран балхах лаьцна? Д1адеша цунах лаьцна. -Х1ун боху Дудаевс киномотографехь баьхначу кхиамехь лаьцна? Д1аеша цунах лаьцна. -Муха ловзойо Дудаевс роль? Д1адеша цунах лаьцна. -Х1ун боху яздархочун дех лаьцна? Д1аеша к1айдарг. 7. Рефлекси. -Муха кхиамаш бехи аша тахана? Хьайн белхан мах хадош сурт дилла маьлхан? 8. Жам1 дар. -Муьлха дийцар девзира шуна? -Мила ву цуьнан автор? -Хьанах лаьцна ду иза? 9. Ц1ахь бан болх балар. Б. Чалаевн « Кхоллараллин лехамехь» 2-г1а дакъа д1адеша.



-





© 2010-2022