Поурочные разработки по чеченскому языку 3 класс

Раздел Начальные классы
Класс 3 класс
Тип Конспекты
Автор
Дата
Формат zip
Изображения Нет
For-Teacher.ru - все для учителя
Поделитесь с коллегами:

Нохчийн мотт

Тема : изложени «Дешархочун де»

1алашо: дийцаран чулацам йозанца схьабала хаар кхиор, кийчачу планах пайда а оьцуш ; цхьалхе предложенеш х1итто уьш йозанехь билгалъяха 1амор; къамел кхиор, дешнаш хаарш довзийтар.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

  2. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вай тахана язйийр ю изложении «Дешархочун де»

  1. «Дешархочун де» суьртах лаьцна къамел дар

Хьовсал суьрташка. Мила ва суьрта т1ехь?Ц1е тилла цунна? (Адам)

-Суьрта т1ехь далийнар Адаман дахарера цхьа де ду. Адам дешархо ву. Цундела ала мегар ду оцу дийнахь массо а дешархочу де.

-Маца хьалаг1отту Адам? (Адам 1уьйранна хьалххе хьалаг1отту)

-Хьалаг1еттинчул т1аьхьа х1ун до цо? (Хьалаг1еттиначул т1аьхьа зарядка йо цо)

-Х1ун г1уллакх до Адама шеен чохь? (Адама ша д1абоккху шеен мотт)

-Х1ун эр дара аша цо ечу ц1анонах лаьцна? (Шийлачу хица йуьлу цо шеен юьхь куьг, лергаш, цергаш а ц1анйо)

-Маца воьду адам школе? (1уьйранна х1ума йиъначул т1ехьа школе воьду Адам)

-Школера ваьлча х1ун до цо? (Школера ваьлча ловзу Адам)

-Дений , нанний г1о дой канта? (Дений нанний г1о до Адама )

-Х1ун эр дара аша кхин д1а дечух лаьцна? (Урокаш кечйо , берашца ловзу , т1аккха д1а вуьжу)

-Муха к1ант ву Адам?

3. Текстаца болх бар.

Шардар № 278, аг1о 132-133.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза? (Дешархочух)

-Цхьатера ду Адаман де , кху дийцар т1ехь вуьйцучу дешархочун де?(Ду)

-Маса декъах лаьтта дешархочун де? (Кхаа декъах)

-Муьлханаш ду уьш? (1уьйре яр, школа, ц1ахь деш дерг)

-Цхьатера хила дезий дешархочун де? (Деза)

-Х1унда ? (Доьшуш хилча , берийн раж цхьатера хуьлу)

4. Изложенин текстан х1оттам таллар, язъян кечам бар.

План йовзийтар.

Уьн т1е д1аязйо план.

1.1уьйранна хьалаг1аттар.

2.Школе вар.

3.Ц1ахь.

-Маса декъах лаьцна хир юу текст? (Кхаа)

-Х1унда ?(Планан кхоъ дакъа ду)

-Муха долор ду х1ора дакъа? (Ц1ецу мог1анчура)

-Д1аеша хьалхарчу декъана йолу предложенеш. Х1ун эр дара аша 1уьйренах лаьцна? (Ас х1ора 1уьйранна зарядка йо. Аса д1атабо сайн мотт. Юьх-куьг , церг, лерг , ворта а ц1анйо аса х1ора 1уьйранна)

-Маца воьду дешархо школе. Д1аеша цунах лаьцна йолу предложенеш? Шайн дешнашца муха эр дара аша школе вахарх лаьцна? (Х1ума а йиъна 1уьйранна воьду о школе)

-Х1ун до дешархочо ц1ахь? Д1абеша цунах лаьцна болу мог1анаш? Муха эр дара шайн дешнашца ц1ахь лелочух? (Школера ваьлча, жима ловзу со. Дена, нанна г1о а до аса, урокаш кечйо , книжкаш йоьшу, д1авуьжу )

Дешнаш таллар

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Хьалаг1отту, юьхь, д1авуьжу.

5. Сада1аран миноташ.

6.Изложениязъяр.

(Бераша шаьш д1аяйо изложении)

7.Жам1 дар.

8.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар №280 , аг1о 132.

© 2010-2022