Разработка урока по чеченской литературе на тему: стенна ву Мурад г1айг1ане? ( 3 класс)

Раздел Начальные классы
Класс 3 класс
Тип Конспекты
Автор
Дата
Формат docx
Изображения Нет
For-Teacher.ru - все для учителя
Поделитесь с коллегами:

Урокан ц1е: «Стенна вара Мурад г1айг1ане?» 1-Хь. Чантиев.

1алашо: Дийцаран чулацам а, маь1на а довзийтар; дика а вон а, хьарам а,хьанал а къастор, воккханиг ларар, ямарт хила цавезар,оьзда,г1иллакхе,догц1ена хилар;.матте болу безам алсамбаккхар,дозуш долу къамел кхиор.

Урокан г1ирсаш: книга, тептар, къолам, ручка, компьютер, цуьнца бен болх, слайдаш, и д1.кх.

1.Урок д1аяхьар.

Маршалла хаттар, журнал кхочушдар, дешархойн ойла т1еерзор.

  1. Ц1ера болх таллар.


  1. Стенах лаьцна ду вайн дийцар, хьан эр дара?

  2. Х1ун г1алат даьллера Мурадера?

  3. Аш дийр дарий ишттаниг?

  4. Новкъахь ахча я кхинйолу мехала х1ума карийча х1ун дан деза?

  5. Бусулбачу динахь а, вайн г1иллакхехь а муха ду Мурадера даьлла г1алат?

  6. Дохко волий иза шегара даьллачунна?

  7. Нийса ду и я дац?


  1. 3-г1а слайд: Дешнаш т1ехь болх.

Алссам дешнаш хьан кхуллур дара?

1-ра тоба :дешархо,к1айн ахсом;

2-г1а тоба :г1иллакх,накъост;

3-г1а тоба: догц1ена,тешам.


  1. Сада1аран миноташ.

Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ,

Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ.

Тоьар, тоьар, сацийта,

Озало шу, сада1а.

Куьйгаш д1аса дахийта,

Цецдевлла шаьш моттийта,

Юха хьалха охьата1а,

Т1аккха г1ийлла хьалата1а.

Динарг х1инца тоьар ду, Х1инца тхо охьаховшур ду.


  1. Керлачу урокан чулацамах кхетам балар.

- Мурада шеен нана къит1ера яккхар довзуьйту.

- Нанас к1анте дина къамел довзуьйту(слайд 6)

Гой хьуна, Мурад, и йоккха стаг Забу, доьзал а боцуш, ша цхьа йисна ю, цуьнца и санна г1уллакх мегар дац. Цуьнца-м хаац суна, и санна г1уллакх цхьаьнцаа мегар дац. И стагехь тешам а, оьздангалла а цахилар ду. Т1аккхахула ма делахь и саннарг. Ткъа х1инца, къинт1ера яларан меттана, ас ахсом лур ду хьоьга. Иза а эций, Забун ц1а а г1ой, х1умма а лачкъа а ца деш, ма-дарра цуьнга г1уллакх д1а а дийций, ахча д1ало. Т1аккха цуьнга деха ахь къинт1ера ялар. И ялахь, со а ер ю хьуна къинт1ера.

- Дикачу интонацица дешархочуьнга д1айоьшуьйту текст.

Забу къинт1ера яккхар. (слайд 7)

«Мел доккхачу рицкъанал а тоьлу тешаммий , оьздангаллий.»

- Рицкъа бохучу дешан тайп-тайпана аг1онаш билгалйоху.

- Т1аьхьарчу дешдекъан ойла ел «къа»

- «Къа» х1ун дича хуьлу?

- Мурад дохко ца ваьллехь цунна хир дарий «къа»?

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

- Керла х1ун хии вайна тахана?

- Х1окху дийцаро шу муха хила 1амадо аьлла хетта шуна?

- Нанас х1ун хьехар дира Мурадана?

- Цул хьалха цхьамма а дирий цунна и хьехар?

7. Маь1ница дог1учу кепехь х1окху дешдакъойх керла дешнаш кхолла.

а) са ло

са пал

сер мах

сал цкъар

сто мара

б) «Х1аъ», «Х1ан-х1а»

Хесахь д1айоь: наьрсаш, помидораш, кхоьш, 1ежаш, хьечаш, ж1онкаш, хьолт1маш.

Бешахь кхиайо: кхораш, картолаш , ц1ен комарш, г1абакхаш, хьокхамаш, баьллаш.

Урокан жам1.

Жоьпийн мах хадор.

- Берашна д1ахоуьйту шаьш яьхна оценкаш «5», «4», «3».

- Д1ахоуьйту муьлха, хьанна, х1унда йиллина.

Дешархошка вовшийн мах хадабойту.

- Дош ло хьешашка, урокан мах хадабойтуш.

- Цул т1аьхьа царна баркалла олу (хьешашна а, берашна а).

Ц1ера болх.

  1. Дийцар деша, аг1о 53-54.

  2. 54-г1а аг1онерчу хаттаршна жоьпаш дала.



© 2010-2022