«Нохчийн къоман г1иллакх-оьздангалла» темина лерина берийн бешахь д1аяхьа лерина мероприяти. »

Раздел Начальные классы
Класс -
Тип Другие методич. материалы
Автор
Дата
Формат docx
Изображения Нет
For-Teacher.ru - все для учителя
Поделитесь с коллегами:

«Нохчийн къоман г1иллакх-оьздангалла» темина лерина берийн бешахь д1аяхьа лерина мероприяти.



Де дика хуьлда, хьоме бераш!

Марша дог1ийла шу , лераме хьеший!

Тахана бераша, вайна дуьйцур ду, нохчийн къоман г1иллакхех, оьздангаллех лаьцна. Х1ора занятехь нисло вайн нохчийн къоман хаза г1иллакхаш довзийтар, цаьрга безам кхоллар, вайн нехан дикачу амалех лаьцна дуьйцар.

Оьздангалла - ю вайн яхь,

Оьздангалла ду г1иллакх,

Оьздангалла ду вайн эхь,

Собар, тешам, сирла чиркх.

Дуьне хаздинарг малх бу, буьйса хазйинарг седарчий, беттаса ду. Вайн дахар хаздинарг адамийн оьздангалла, г1иллакх ду.

Бераш! Шуна ма - хаъара вайн дайшна, дедайшна юкъахь хилла г1иллакх- оьздангалла, ларам. Г1иллакх - иза адамаша вовшаца лелочу гергорлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Оьздангалла х1ора стеган леларехь, амалашкахь гучяьлла ца 1аш, шен сица а, синкхетамца хила езаш ю.

Хаза г1иллакхаш ду вай: да-нана ларар, церан хьашташка хьажар, вовшашна г1о дар, гергорло леладар, вуо болх хилча орцах довлар.

Вай нохчийн маттахь дукха газеташ, книшкаш т1ехь,Стела1ад журнал т1ехь ду туьйранаш, кицанаш, аларш, дийцарш. Царах дукхахдерш вай дешна, 1амийна ду.

Х1инца хьан юйцур яра вай 1амийна байташ (стихи):

« Оьздангалла».

Оьздангалла! Адамашна

Ма оьшу хьо дахарехь,

Хьо йоцуш вверг нахана

Ца хетта стаг вахарехь.

Оьздангалла! Хьан мах бац,

Хьо ду стеган доккха ирс,

Ткъа ирс атта карош дац-

И бац бухку - оьцу г1ирс.

Оьздангалла - ю вай яхь.

Оьздангалла - ду г1иллакх,

Оьздангалла - ду вайн эхь,

Собар, тешам, сирла чиркх.

-Баркалла. Хаза йийци. Бераш шу муха кхийти цу байтах?

-Оьздангалла стеган дег1аца, олачу дашца а, боккхучу когаца, массо а ханна шеца хила езаш ю.

-Стаг сте во?

-Г1иллакхо во стаг.Г1иллакхах воьхнарг стогаллах воьхнарг лору халкъо.

-Нийса ду.

«Сий».

Адамашна юкъахь лелаш,

Церан ларам хьайца лелош,

Жимчохь дуьйна лардан дезаш,

Ду хьо механа сов деза.

Лакхара бу хьан мах ч1ог1а,

Духкуш, оьцуш цахиларна.

Ма семалла еза хьуна,

Дайча, карош цахиларна.

Сий дайна дуьненчохь ваха

Цурриг оьшуш дац адамна.

Цуьнца бен, т1аьхьенна дийца,

Дуьсур дац хьох тешаме дош.

-Баркала. Стеган сий дар, ларар, иза ду нохчийн къоман оьздангаллин мехаллех уггаре коьртаниг .

«Собар».

Къонахийн собар ду лекха лам баккхал,

Собар ду сов доккха, кхача ца луш,

Къонахийн и собар кхачийча, баккъал,

Х1ар маьлхан вайн дуьне духур ма ду!

-Хьан эр дара муха кхета шу собар бохучу дашах?

-Собар хилар - хьекъал, иман хилар ду.

Стенца доьзна ду и собар?

-Г1иллакх доцчуьнгах собар хир дац, иштта, собар доцчуьнгахь г1иллакх а хир дац.

-Нийса ду. Собар -иза вайн къоман уггаре а ч1ог1а леринчу г1иллакхах цхаъ хилла .Г1иллакхца ю - яхь, юхь, озьдангалла, сий, ларам, нийсо, бакъо, собар.

«Дада».

Вайна вовшийн цкъа а вуон ма гойла,

Дахарехь замано хьо ирсе войла

Нагахь ас вас йинехь , къинтеравала

Декъала хила хьо, Са хьоме Дада!

«Нана».

Б1аргаш чуьру йовхоно кийрара дог дохдо,

Буьйцучу матто дог ловзадоху.

Нанас йина чов лаза ца лозу.

Цуьнан сий динарг лорур ву махко!

-Баркала. Хаза йийци. Дега - нене болу безам, доза долуш бац.

-Делера Салам хуьлда цунна. Дела Элчано аьлла «Уггаре хьалха хьайн деца- ненаца дика хила».

-Бераш, шуна дукхадезий шайн Да-Нана ?

-Деза.

-Ткъа, хьан эр дара соьга, хазачу г1иллакхо чулорург х1ун ду?

-Хаза г1иллакх ду:

- Оьзда, хаза, к1еда - мерза вистхилар.

-Воккханиг ларар, лераме хилар.

-Воккхачун некъ ца хедар.

-Воккхачунна хьалаг1аттар.

-Да-Нана ларар, собаре, тешаме, яхь йолуш хилар.

-Нийса ду. Вайна ма хаъара Да- Нана кху дуьнена т1ех уггаре деза лерина ду.

Садо1аран миноташ:

Оха когаш охьатуху,

Оха куьйгаш вовшах туху,

Оха баьргаш лап -лап

Оха бельшаш цап - цап

Тхо д1а доьрзу, тхо схьадоьрзу,

Оха тхайна го ма тосу.

Тхо охьаховшу, тхо хьалаг1овтту,

Оха куьйгаш лестадо.

- Бераш, къид1а вайн занятин 1алошо ю нохчийн туьйранах лаьцна дийцар.Туьрано 1амодо майра хила а, комаьрша хила а, доттг1чунна тешаме накъост хила а. Иштта, туьйранашкахь гойту нохчийн къоман оьзда г1иллакхаш, жимчо воккханиг лара везаш хилар, шен дас- нанас аьлларг кхочуш дан дезаш хилар.

Х1инца вай хьовсар ду «Ден весет» ц1е йолчу нохчийн халкъан туьйране.

Цхьана стеган ворх1 к1ант хилла. Мацца а, шех лен цамгар кхетча, дас, кхайкхина и ворх1е к1ант т1е а валийна, цаьрга аьлла:

-Ворх1е а, ваха а г1ой, цхьацца сара а бахьаш чувола, ас, суо валале , цхьа весет дийр ду шуьга!

Цхьацца сара а бахьаш, ворх1е а чу а веана, дена хьалхха д1ах1оьттина.

Дас аьлла: «И ворх1е а сара вовшах а тохий, т1ийриг а хьарчаей, цхьаъ биэ.

Шайга аьлларг дина к1енташа.

Дас воккхахволчу к1анте аьлла:

-Схьаэцал , къант, уьш кагдан хьажал.

Цу серех дина девзиг, гола т1е а те1ош, кагдан г1ертарх, ца кагделла к1анте.

Цуьнга санна , вукху вежаршка а аьлла, цаьрга а, цхаьнгга а ца кагделла девзиг.

Т1аккха дас аьлла:

-И х1ора сара къаста а бай, ша - ша а баккхий, хьовсал шайга уьш кеглой.

Цо ма - аллара, серий ша - ша даьхна, кегдина.

Дас т1аккха шен к1енташка аьлла:

-Хьовсал, сан к1ентий. И аш цхьаьна вовшахтоьхна ворх1 сара санна, шу цхьаьна, бертахь, вовший г1о деш хилахь, шух аддам а кхаьрдар дац, амма шу вовшех довлахь, наха шу а лорур дац.

-Барт цхьаъ болуш хилалаш. Барт ч1ог1а маь1на долуш х1ума ду шун.

-Бераш, оцу туьйрано х1ун гойту?

-Х1ун маь1ан дара цуьнан?

-Барт хилар.

- Х1ун весет динера дас, шен к1енташка?

-Вовшийн лерам болуш хилалаш.

- Барт цхьаъ болуш дахалаш.

-Цхьана бертахь, вовшийн г1о деш хилалаш.

-Шу барт боьхна, вовшех довлахь, наха шу а лорур дац.

-Шу вовше бертахь хилахь, шух адам а кхардар дац.

Нийса ду.

Вставка?...................

Барт ч1ог1а маь1на долуш х1ума ду шуна.

Х1инца хьан дуьйцур ду вайн бартах лаьцна кицанаш?

-Барт боцчу доьзалехь, беркат хир дац.

-Доьзал доккха беркат ду, дений -нанний дика белахь.

-Барт болу ши стаг, барт боцучу юртал а тоьлла.

-Барт ийг1ина доьзал ,ка йоцу стом.

-Дела реза хуьлда шуна бераш. Хаза дешнаш долу кицанаш дийци аша. Со йоккхае т1екхуьуш долу шу вайн жима ч1ор оццулла г1иллакхех, оьздангаллех кхеташ хиларна. Шун духаре хьаьажча а хаьа, вай нохчийн оьзда къам дуйла.

(эшар)

-Цу т1ехь вайн цхьанакхетаран хан чекхъели, хешийн 1одика еш, д1аса къаьстар ду вай.

Бух1а-сова

Бух1а, бух1а. бух1а ю,

Бух1ана б1аьргаш даккхий ду.

Бух1ано б1аьргаш лестадо.

Иза вайга хьоьжуш ю.

К1орнеш.

К1орнеш, к1орнеш, можа к1орнеш.

Нанна т1аьхьа х1иттина,

Ков-керт мел ю даьржина,

М1араш хьоькхуш, з1акарш етташ,

Нехаш кегош хьийзаш ду.

Даржийна шен даккхий т1емаш.

Гонаш туьйсуш, к1орнеш лардеш,

Лоьхуш хьийза стиглахь маккхал.

К1орнеш, к1орнеш, же, ма 1елаш,

Чехка шу схьадовдалаш,

Т1емаш к1ел д1аловчкъалаш.

Шух катоха г1ерташ маккхал

Хьийзаш ма ю стиглахь, лакхахь.

Нана шайга кхойкхуш хезча,

Кегий к1орнеш дукха чехка

Девди, девди, нана йолчу,

Шайна дала орца долчу.



Самоанализ


© 2010-2022