Рабочая программа по чеченскому языку 3 класс

Раздел Начальные классы
Класс 3 класс
Тип Рабочие программы
Автор
Дата
Формат zip
Изображения Нет
For-Teacher.ru - все для учителя
Поделитесь с коллегами:

Нохчийн мотт.

ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

Документан бух Дешаран предметан «Нохчийн мотт» 3-чу классана лерина йолу белхан программа х1оттийна хIокху документин бух тIехь:

  • Шоьнарчу юьртан юккъерчу юкъарадешаран ишколан юьхьанцарчу классашна лерина йолу программа
  • юьхьанцара юкъарадешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан
  • Юкъара дешаран а, коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программа
  • Э.Х. Эдиловн Нохчийн меттан юьхьанцарчу классашна лерина герггарчу хьесапехь йолу программа, Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министерствос магийна йолу. Базисни дешаран планан 3-чу варианто нохчийн маттана луш йолчу таронашца нисъеш

Юьхьанцара юкъарадешаран школа - мехала, керла, жоьпаллин мур бу беран дахарехь: х1окху школехь д1адолало диллина долу дешар, кхузахь шорло цуьнан гонахарчу дахарца йолу юкъаметтигаш, хийцало юкъараллин дарж а, ша -шен вовзийта оьшуш хилар а совдолу. Т1аьхьа хиндолчу дерриге а дешаран бух кхуллу юьхьанцарчу школашкахь. Юьхьанцарчу школехь нохчийн матто, кхечу предметаша санна, меттан 1илманан декъехь шен маь1ница а йоккха меттиг д1алоцу. Цуьнан дешарца а, кхетамца кхиорехь а доккха маь1на ду. Маттах лаьцна хаарш, барта а, йозанан а къамелан хаамаш караберзорца дешархойн таро хуьлу кхийолу дешаран предметаш а кхиамца 1амо, цуьнца цхьаьна гонахарчу дахарх дозуш долу шайн хаарш шордан. «Школана хьалха лаьтта декхарш кхочушдарехь 1аламат доккха маь1на ду ненан меттан, х1унда аьлча школо болх оцу маттахь д1аболорца караерзайо беро дахарехь гулйина а ненан маттахь билгалйолуш йолу а хьекъалан хазна. Оцу кийчачу буха т1ехь школо д1ах1оттабо ша кхид1а а бен болу болх, аьлча а дуьненах лаьцна болу берийн кхетам алсам а боккху, уьш г1иллакх-оьздангалла йолуш кхиорехь а царна дешар 1аморехь а дерриге а декхарш кхочуш а до. Вайн школашкара дешархой юкъараллин пайдечу къинхьегамна а, нохчийн къоман беркате т1аьхье хинйолчу кепара а кечбаран декхарца цхьаьна царна нохчийн меттан хаамаш балар доккха маь1на долуш ду. Юьхьанцарчу муьрехь ненан мотт хьехаран коьрта декхар ду къамелан г1уллакхан цхьадолу тайпанаш 1амор (кьамелеладог1аррий, цунах кхетаррий; вистхила 1аморрий; дешаррий, йозий). Цул сов, оцу муьрехь ондда бух кхолла беза ненан маттахь вовшашца т1екаре хила хаарна, иза берашна хьехаран а, кхетош-кхиоран а коьрта г1ирс хилар хаийтарна. Цуьнца цхьаьна кхийолчу дешаран предметийн санна, ненан матто юьхьанцарчу муьрехь кхочушдан деза цхьадолу мехала юкъара г1уллакхаш а: - дешархойн 1аламах а, юкъараллих а долу хааршший, 1илманан юьхьанцара кхетаммий кхиор;
  • логически а, васт х1отторан а ойла кхиор;

  • къинхьегаме а, цуьнца цхьаьна дешаре а болу лаам кхиор;

  • лакхарчу классашкахь кхиамца деша бераш кечдар;

  • гонахарчу дахарца йолу юкъаметтиг а, нахе йолу нийса дог-ойла а кхетош-кхиор1.

Программин бухе ехкина х1ара принципаш:

  • уьйран принцип, къамел кхиоран декъехь дешархой т1екаре хила 1амор шегара лоьхуш йолу;
  • кхетамаллин принцип, мотт 1аморца доьзнарг кхетам болуш 1амор лоьхуш йолу.
Программо маттаца дозург практически карадерзо дезарг къастийна ца 1аш, меттан хиламаш, цара маттехь д1алоцучу меттиге хьаьжжина, хьалха-т1аьхьа уьш караберзор а тидаме эцна. Нохчийн мотт 1аморехь дешархойн дешнийн барам совбаккхар а ду мехала. Жигара шех олуш болу дешнийн барам х1ора классехь билгалбеш тидаме эцнарг х1ара ду: оцу барамехь дешнаш берийн лексикехь хилахь, цара таро лур ю царна х1ора денна йоза - дешар 1аморан декъехь т1екаре хила. Юьхьанцарчу классийн дешархойн лексикийн барам 3000 гергга дош хила деза, царах 600 дош карадерзадо цара 1-чу классехь, 700-шолг1ачу классехь, 800-3-чу классехь, 850-4-чу классехь. Хьехархочо шен лаамехь церан барам совбоккхуш х1ора классехь юкъадало тарло кхин а 50-70 дош. И дешнаш жигара карадерзор д1ахьо церан лексически цхьа маь1наш хилар а довзуьйтуш, омонимаш, синонимаш, антонимаш йовзийтарца, дешхьалхенийн, суффиксийн г1оьнца цхьана орамах керла дешнаш кхолларца. Дешархошна бовзуьйту дешан фонетически, морфологически х1оттам, цара 1амадо коьрта къамелан дакъош а, церан грамматически категореш а, предложенехь оцу къамелан дакъоша кхочушден синтаксически г1уллакх а. Лексически а, грамматически декъехь дешнаш карадерзор деа шарахь д1ахьо. Грамматически а, орфографически а материал программи юкъа ялийна х1ора т1ейог1учу классехь т1етт1а шоръяран, к1аргъяран, чолхеяккхаран хьесапехь. Массо а кепара мотт 1аморан а, къамел кхиоран а г1уллакх кхочушдина самукъанечу, еша дог дог1учу тексташна а, упражненешна а т1ехь. Программехь коьрта меттиг д1алоцу т1екаре хила 1аморан карадерзораш, шардарш кхиоран балхо. Барта къамел кхиор хила деза дешархойн коьртачу тидамехь уьш еша а, яздан а 1емачу хенахь а, грамматикех болу хаамаш царна бовзуьйтуш а, йозаелла тексташ х1иттош а, упражненеш кхочушъеш а. Х1ора урокехь берийн дистхилар алссам хила деза: хаттарш деш, царна жоьпаш луш, шайх лаьцна дуьйцуш, вовшашца къамел деш, хьехархочуьнца юкъаметтиг лелош, ешначун чулацам юхасхьабуьйцуш. Дешан маь1ни т1ехь а, аларна, нийсаяздарна а т1ехь бен болх биллина беш хилар мехала ду. Билгалйинчу темина, суьртах, бинчу тидамех, кинох лаьцна шайна еллачу кепаца а, шаьш а дийцаран, хаттаран, айдаран, т1едожоран предложенеш, тексташ, диалогаш х1итто 1амо деза бераш.
Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан 1алашонаш:
  • т1екаре хила дезаран, йоза-дешар кхид1а а 1амо дезаран 1алашонца нохчийн мотт караберзор;
  • къамелдаран хьуьнарш кхиор, нохчийн маттахь вовшашца т1екаре лело хаар;
  • нохчийн меттан лексикех, фонетикех, грамматикех болу т1еххулара хаамаш караберзор;

- ладог1а, вистхила, шен маттахь еша, яздан хаар карадерзор; - Нохчийн Республикин пачхьалкхан нохчийн матте шовкъ кхоллар, шен къоман культурин дакъа иза хиларе терра.


Дешаран предметан чулацаман мехаллин аг1онаш: Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчу дешархойн программа караерзийча хила деза жам1аш: - дешархой синъоьздангаллин мехаллаш евзаш, къоман г1иллакх-оьздангаллин баххаш т1ехь кхиъна хилар;

  • доьзалан дахар девзаш хилар;

  • къоман культура а, бусулба дин а девзаш хилар;

- Росси пачхьалкхан гражданин ша вуйла хууш хилар; - синъоьздангаллин мехаллаш кхиор дешархойн коьртачу г1уллакхашна т1е дахар: урокийн, урокел арахьарчу а, юкъараллин пайдечу а.


Дешаран планехь нохчийн матто д1алоцу меттиг Юьханцарчу ишколан белхан программи тIехь Нохчийн мотт хьеха билгалдина 372 сахьт: 1-чу классехь 68 сахьт,кIирнах 2 сахьт (33 белхан кIира) 2-чу классехь 102 сахьт, кIирнах 3 сахьт (34 белхан кIира) 3-чу классехь 102 сахьт, кIирнах 3 сахьт (34 белхан кIира) 4-чу классехь 102 сахьт, кIирнах 3 сахьт (34 белхан кIира)

Белхан программа лерина 102 сахьтана мот шарахь, кIирнах 3 сахьт, 34 белхан кIира.


Дешаран предмет 1аморан жам1аш Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчу дешархочуьнгахь нохчийн меттан программа караерзоран декъехь хила деза хаарш: -нохчийн мотт пачхьалкхан мотт а, иза уьйран а, гонахара дахар довзаран а г1ирс хиларх кхеташ хилар; -школан а, юкъараллин а дахарехь нохчийн меттан хаарех пайда эца хьуьнар хилар; - нохчийн мотт къоман культурин а, синъоьздангаллин а мехаллийн цхьа т1ег1а лара дезарх кхеташ хилар; -тайп-тайпанчу хьелашкахь шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а юкъаметтигаш лело хаар карадерзор, мехалчу х1умнашка а, синъоьздангаллин мехаллашка а экаме хила везарх кхеташ хилар. Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан метапредметни жам1аш:


-хезаш долу къамел цхьатера т1елацар ( баккхийчара а, шен нийсархоша а олург, берийн радиопередачашкахь, аудиозаписашкахь, кхечу хаамийн технологийн кепашкахь хезарг);

-дешнаш, дешдакъош, аьзнаш, аьзнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш ала а, х1итто а карадирзина хилар;

-билгалйинчу темина диалог х1отто, даьржина а, доцца хаттаршна жоьпаш дала а, диалог д1айоло а, чекхъяккха дог дар карадирзина хилар;

- кечам бина а, боцуш а, кхеташ, сиха къастош ешар, текст йоцца а, хоржуш а юха схьайийцар карадирзина хилар;

-хьехархочун г1оьнца а, ша а, орфографически а, пунктуационни а бакъонаш ларъеш талламан а, 1аморан а кепара белхаш кхочушбан хаар карадирзина хилар;

-ша язбина белхаш талла а, нохчийн маттах шен долчу хааршна вукху предметашца дустарца анализ ян а хаар карадирзина хилар;

- нохчийн меттан чулацаме хьаьжжина юьхьанцарчу дешаран материальни а, хаамийн а гонахехь болх бан хаар карадирзина хилар;

-школехь а, школал арахьа а нийсархошка а, баккхийчаьрга а вистхила хаар карадирзина хилар. Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан предметни жам1аш:
-ладог1а хууш хилар: дуьйцучун чулацамах а кхеташ, къамел хазаран хьесапехь т1елацар; - нохчийн меттан фонетически система евзаш хила езар: мукъа а, мукъаза а элпаш а, аьзнаш а къасто, дешнаш дакъошка декъа а, аьзнаш ала а хууш хилар; -шен меттан доцу (т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела) аьзнаш а, аьзнийн цхьаьнакхетарш а довза а, нийса схьаала а хууш хилар; - дешнаш, церан грамматически форманаш а евзаш, уьш муха кхоллаелла а, царах предложенеш вовшахтаса а, къамелехь пайда эца а хууш хилар; -нийсаяздаран бакъонаш евзаш хилар: доккха элп, дешдакъошца дош сехьадаккхар, сацаран хьаьркаш; -карадирзинчу хаарех дешаран а, вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь а пайда эца хууш хила везар: диалог д1аяхьа, хаттаршна жоьпаш дала, евзаш йолчу лексикин бараме хьаьжжина, шегара хаттарш х1итто, текст юхасхьайийца, суьрташка хьовсуш предложенеш, тайп-тайпанчу теманашна билгалйинчу тематически кепашца йоцца монологически тексташ х1итто хууш хилар (чолхе доцу суртх1оттор, дийцар, ойлаяр); -хезаш а, шен дагахь а, къастош а еша къаьстина предложенеш а, тексташ а цхьаьна, хууш хилар; -текст дакъошка екъа а, царна ц1ерш тахка а, план х1отто а, т1едахкарш т1едуза а, т1еяздан а, х1уманийн, суьртан куц-кеп довзийта а хууш хилар; -мотт къоман культурин цхьа дакъа а, уьйран г1ирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхеташ хилар.


Юкъарадешаран юьхьанцарчу дешаран нохчийн меттан предметан чулацам
Программехь «Нохчийн мотт» предметан чулацам билгалбина дешаран декъан т1ег1анашка хьаьжжина. 2-4 -чуй классашкахь цхьаьнадог1уш (комплексно) къамел кхиор, грамматикин а, орфографин а пропедевтически курс. 3-чу классехь кхул хьалхарчу классашкахь барта а, йозанан а къамел кхиоран декъехь карадерзийна хаарш шордеш, к1аргдеш болх кхид1а а д1ахьо. Берийн тидам къамелехь хандешнех, билгалдешнех, лач дожаршкахь ц1ердешнех пайдаэцарна т1е берзабо. 3-чу классехь меттан лингвистически, культурни кхетамашна т1еберзабо. 1амийнчу материала т1ехь юкъара маь1на до: ц1ердашах, билгалдашах, ц1ерметдашах, хандашах, дешт1аьхьенах юкъара кхетам ло. Оьрсийн маттахь род ю, хандешнаш яххьашца а хийцало. Вайн маттахь ц1ердешнийн кхо класс ю (божарийн, зударийн, кхийолу). Церан предлогаш ю, вайн - дешт1аьхьенаш. Х1ара а, меттан кхин а башхаллаш тидаме эца езар ю. Нийсаяздаран бакъонийн а, царах нийса пайда эцаран буха т1ехь кхоллало дешархочун йозанан, шех нийса олуш долу къамел. Цу декъехь алсам тидам т1ебохуьйту 1аморан сочиненешна а (ши х1ума юстарца йовзийтар, суртх1отторан кепехь дийцар), 1аморан декъера изложенешна а.

Комплексно къамел кхиоро шена чулоцу: -школехь а, школал арахьарчу дахарехь а т1екареш д1акхехьа оьшучу барамехь ладог1а а, къамел дан а, еша а, яздан а карадирзина хилар; -юьхьанцара школа чекхъяьккхича кхид1а а деша таро лучу кепара а, вовшашка парг1ат бистхила аьтто беш а болу дешнийн барам дешархочун хазнехь хилар; -къамелан диалогически кеп практически карайирзина хилар (къамел дар, къамелаца къовсам д1абахьар); дешар т1ехь а, юкъарчу декъехь къамелехь оьздангалла ларъян хаар: салам-маршалла хаттар, 1одикаяр, баркалла алар, дехар дар; -монологически къамелан т1еххулара форманаш карайирзина хилар: бинчу балхах лаьцна барта жам1 дар, цхьана билггалчу теманах лаьцна шена хетарг алар, планан а, хаттарийн буха т1ехь шен тексташ кхоллар; -дешархойн къамел дан хааран хьуьнарш кхиор, шен маттахь вистхила а, вовшашца къамеле вала а хаар, кхид1а деша хьуьнар хилар; -нохчийн мотт дуьнене болу хьежам совбаккхарехь а, кхечу культурашца з1е тасаран оьшуш болу г1ирс хилла д1ах1отта безаш хиларх кхетар. Барта къамел кхиъна а, ешар карадирзина хиларал сов, дешархойн йозанан къамел, цуьнан хат1 карадерзоран хаарш а хила деза. Юьхьанцарчу классашкахь йоза яздан 1аморан декхар дешархошкахь х1ара карадерзораш, шардарш кхиор ду: - нохчийн дешнаш, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш, яккхий йоцу йозаелла тексташ т1ера нийса схьаязъян хаар; -ладог1арца орфографически а, пунктуационни а бакъонаш ларъярца текст нийса д1аязъян хаар; -шен дозаделла йозанан къамел кхиъна хилар (хаттаршна жоьпаш дала, 1аморан изложенеш а, сочиненеш язъян хаар). Йозанан белхаш кхочушбеш тидаме эца деза иштта х1ора беран каллиграфически кхачамбацарш а: элпан д1асатаь1на хилар, цуьнан лекхалла а, шоралла а, сизал арадалар, элпан сурт талхийна хилар и д1. кх. а. Цу 1алашонца тетрадаш т1ехь элпийн хила ма-еззара йолу кепаш яла еза, церан вукху элпашца хоттадалар муха хила деза а гойтуш (1-чу классехь х1ора дешархочун тетрадаш т1ехь, 2-4 классашкахь- хаьржина). Ц1енаяздаран урокашкахь кхочушбечу белхан барам 1-чу классехь 1 мог1анал лахара хила ца беза, 2-чу классехь- 3 мог1анал, 3-4 классашкахь- 3мог1анал. Йоза яздан 1аморан г1уллакх чекхдолу дозуш долу къамел кхиоран хаарш, шардарш карадирзинчул т1аьхьа. Йозанан къамел кхиор 1-чу классехь дуьйна хаддаза д1адахьа деза тайп-тайпана кечамбаран упражненеш кхочушъярца. И упражненеш т1ехьажийна хила еза предложенеш нийса х1итто а, билггала, оьшшуш долу дешнаш далорца шен ойланаш йоцца, кхеташ а, царна юкъара бахьанин а, т1аьхьалонан уьйрийн кхетам луш, яло хаарна а. Талламан диктантийн, 1аморан изложенийн, сочиненийн дешнийн барам 1-4 классашкахь школан тайпане хьаьжжина, хийцалуш хила беза, амма юккъерчу хьесапехь иштта хила тарло:

Белхан тайпа

1-ра класс

2-г1а класс

3-г1а класс

4-г1а класс

диктант

5-25

25-30

35-40

60-65

изложени

-

25-30

55-65

80-90

сочинени

-

20-30

40-50

70-80 1аморан а, талламан йозанан белхашна (хаттаршна жоьпаш, изложени, сочинени, диктант и д1. кх. а.) билгалдо к1ирнах 1 сахьт. И сахьт нохчийн маттана (грамматика, ешар) леринчу сахьташна юккъера схьаоьцуш ду. Изложенеш а, сочиненеш а 1аморан кепара хила еза. Бакъду, 4 классехь 1 талламан изложени язйойту. Изложенийн, сочиненийн тематика еххачу хенахь йовзийтинчу лексически темица йог1уш хила еза. Нохчийн мотт 1аморехь кхиамаш хир бу, нагахь санна оьрсийн маттахь дешархоша карадерзийнчу хааршна т1етевжаш 1амош белахь. Масала, цхьатерачу грамматико-орфографически хиламех пайдаэцарца (аз, элп, мукъа, мукъаза аз боху кхетамаш; доккха элп; дош сехьадаккхар; предложених, дешдекъах, дашах болу кхетамаш и д1. кх. а.). Цара г1о дийр ду кхиамца материал караерзорехь а. Тематически планашкахь нохчийн мотт кхаа декъехь балийна бу: хьалхарчу декъехь теоретически хаамашца йозаелла теманаш а, ситуацеш а ю; шолг1ачу декъехь хьалхарчу пунктехь билгалйинчу темица йозаелла маттах лаьцна коьчал ю; кхоалг1ачу декъехь дешархочо кхочушден г1уллакхаш ду довзуьйтуш.

Дешаран предметан материально-технически кхачояран хьокъехь хьехамаш.

Систематически курс

{практически караерзор)


Кечамбаран мур (барта) 1. Коммуникативни г1уллакхаш кхиорца доьзна хаарш карадерзорна коьчал Вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьаран теманаш, хьелаш. Алсам пайда оьцу тема-доьзал, 1ер-дахар, дешаран, дешархочун, хьехархочун юкъаметтигаш. Х1ора муьрана тема билгалйо гонахарчу дахарна юкъара хиламаш билгалбахархьама. И бахьана долуш кхоллаяла тарло текст 1амочу маттехь. Бакъду, кхоллалучу хьелашка хьаьжжина теманаш кегийчу теманашка екъаяла а тарло, уьш а х1ора муьрехь шайн башхаллаш йолуш хир ю. Масала, юьхьанца алсам пайда оьцург ловзаран кепара тема елахь, мотт караберзарца доьзна и теманаш дешаран, х1ума довзаран декъаца а йоьзна хир ю т1аьхьа. 2. Меттан материал, теманашца а, хьелашца йозаелларш, меттан т1ег1анашца билгалйина ю: лексика, фонетика, грамматика. Лексически цхьааллаш караерзор шен-шен муьрехь д1ахьо, 1амош йолчу темига а, хьелашка а хьаьжжина. Фонетика йовзийтар алсам шайх пайда оьцучу къамелан аьзнаш довзийтарца а, царах дешдакъош а, дешнаш а кхолларца гайтина. Нийсаяздаран пропедевтически курс ялийна йоза-дешар 1аморан декъехь. Цул т1аьхьа и курс систематически хуьлий д1ах1утту. Грамматика йовзийтина типовой шайх олучу конструкцешца а (къамелан кепаш), царна беллачу кхетамашца а: дешархошна карайирзина хила еза грамматически кепаш. 3. Текстийн коьчал. Х1ума довзаран а, 1ер-дахаран а, ловзаран а кепара дешар 1аморан тексташ. Исбаьхьаллин тексташ (стихаш, туьйранаш, дийцарш) 1амийнчу темица а, хьелашца а йозаелла йолу. 4. Культура кхиоран декъехула йолу коьчал:
-тайпа, тукхам; -ц1е, ден ц1е; -нохчийн а, т1еэцна а ц1ерш; - тайп-тайпанчу къаьмнийн ловзарш.
Йоза-дешар 1амор 1. Коммуникативни г1уллакхаш кхиорца доьзна хаарш карадерзорна коьчал Вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьаран теманаш: доьзал, 1ер-дахар, 1илманан (берана самукъане а, пайден а хир йолчу кепара), ловзаран. Теманаш: Школа. Доьзал. 1алам (ораматаш, дийнаташ). Стоьмаш, хасстоьмаш. Деза денош. Вина (йина) де (сан, сан гергарчеран, доттаг1ийн). Даймохк. Г1ала. Юрт. Вайн Республика, вайн мохк. 2. Маттаца доьзна хаарш кхиоран коьчал. Лексика: дош, цуьнан маь1на. 1амош йолчу теманашца дозаделла дешнаш карладахар а, жигарадахар а. Фонетика а, орфоэпи а: аз хазарца къастор, мукъанаш, мукъазнаш, къоранаш, зевненаш нийса алар а, яздар а. Т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела элпаш билгалдар. Грамматика: дожарийн маь1на; къамелан дакъош; предложенеш: цхьанах1оттаман, шинах1оттаман (кху кепара: ц1ердош +билгалдош+ хандош); диалогически цхьааллаш: хаам -хаттар - ж оп. Текстаца йозаелла коьчал 1аморан тексташ 1ер-дахаран кепара. 1амош йолчу теманашца йог1у дешаран, х1ума довзаран тексташ. 1амош йолчу теманашца йог1у дийцаран кепара исбахьаллин тексташ (стихаш, туьйранаш, дийцарш). 4. Культура кхиоран декъехула йолу коьчал:

  • х1ума юуш лело деза г1иллакх;
  • чохь, арахь лело деза г1иллакх;
  • ц1ахь кхобу дийнаташ (тайп-тайпанчу къаьмнийн);
  • ц1ахь кхобучу хьайбанашна а, дийнаташна а техкина ц1ерш.

Барта а, йозанан а къамел кхиор. 1. Коммуникативни г1уллакхаш кхиорца доьзна хаарш карадерзорна коьчал Вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьаран теманаш: ловзаран, 1ер-дахаран, дешаран. Теманаш: Ц1а. Доьзал. Вовшийн довзар. Школа: урок, перемена, каникулаш. Адам а, могушалла а. Дийнан хан, шеран хан, беттийн ц1ерш. Туьканахь, школан буфетехь, нохчийн къоман даарш. Транспорт. Туька: эцар, мах д1абалар. Хьуна хазахетарг. 2. Маттаца доьзна хаарш кхиорна лерина коьчал. 1амочу темица доьзна долу дешнаш карладахар а, жигарадахар а. Т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела аьзнаш: ф, ы, ё, щ. Грамматика: х1окху дешнашца йолу (мегар ду, мегар дац) предложенеш, цхьанатайпанарчу меженашца йолу предложенеш. Диалогически цхьааллаш: хаам-хаттар-хаам, хаттар-жоп-хаттар. Дилогически кепара х1ума довзийтарх лаьцна йолу 1аморан тексташ, 1амочу темица дог1учу туьйранашна а, берийн произведенешна т1ера а дакъош. 4. Культура кхиоран декъехула йолу коьчал: -типологически гергара долу нохчийн, оьрсийн туьйранаш; - вайн къоман сувенираш; -Россин къаьмнийн деза денош; -нохчийн къоман даарш; -Россин халкъийн г1иллакхаш а, ламасташ а.
Комплексно къамел кхиор. Грамматикин а, орфографин а пропедевтически курс. 1. Коммуникативни г1уллакхаш кхиорца доьзна хаарш карадерзорна коьчал Вовшашца йолу юкъаметтигаш д1акхехьаран теманаш: 1ер-дахаран, дешаран, 1илманан-х1ума довзийтаран, социальни. Теманаш: шеран хенаш (аьхке, гуьйре, 1а, б1аьсте). Нохчийн поэташ а яздархой, дукхаеза книга, халкъан туьйранаш. Космонавтика. Культурехь, 1илманехь, техникехь баьхна кхиамаш. Толаман де. 2. Маттаца доьзна хаарш кхиоран коьчал. 1-3-чуй классашкахь фонетикехула, морфологехула, грамматикехула карадерзийна хаарш, шардарш жигарадахар. Синонимех, антонимех болу кхетам. Къамелан дакъош: ц1ердешнийн легарш; хандешан билгалза кеп, хенаш; билгалдешнийн дожар; яххьийн ц1ерметдешнаш, куцдешнаш, масаллин, рог1аллин терахьдешнаш. Предложенин цхьанатайпанара меженаш. Чолхе предложени (ткъа, амма, делахь а) хуттургашца. Графика: элпийн ц1ерш, доккха элп адамийн, г1аланийн ц1ерашкахь. Орфографи. Пунктуаци. Къамел кхиор: диалогехь дакъалаца а, доцца монологически аларш а, чолхе йоцу йозанан тексташ а х1итто а, орфографически, пунктуационни а бакъонаш ларъеш яздан а хаар. Юьхьанцарчу школехь дешна волуш кхид1а а деша кийча волуш кхиийна хилар. 3. Культура кхиоран декъехула йолу коьчал: -нохчийн ц1ерш, фамилеш; -нохчийн къоман ловзарш а, ловзоргаш а; -нохчийн берийн эшарш; -нохчийн халкъан деза денош, ламасташ, г1иллакхаш; -нохчийн къоман даарш.

Меттан декъехула йолу теманаш Х1ора декъана лерина сахьташ
Коьрта кхетамашший,хааршший

1
1амийнарг карладаккхар 10 Хуур ду къамел , предложенеш къасто. Хуур ду дешнаш билгалдаха. Евзар ю предложенин меженаш. Хуур ду предложенин тайпанаш къасто 2 Нохчийн алфавит

14 Девзар ду аьзнаш ,элпаш. Хуур ду церан башхаллаш йийца(мукъа, мукъаза; зевне, къора; дехий ,доций). Девзар ду алфавитан массо а элп. 3 Предложени 10 1емар ду предложенеш вовшех къасто , 1емар ду церан чаккхенга оьшу хьаьрк х1отто. Берашна хуур ду йоьхна предложенеш тоян, чаккъенга оьшу хьаьрк х1отто. 1емар ду айдаран предложенин башхаллаш йовза, уьш оьшу хьаьрк дилларца билгалъяха. евзар ю предложенин коьрта меженаш йовзийтар, 1емар ду уьш предложенахь йовза , царна хаттарш дала, билгалъяха хуур ду подлежащи хуьлу МИЛА? МУЬЛШ? Х1УН? Хатаршна жоьпашлуш долу дешнаш ,нагахь сана предложенехьХЬАН? СТЕН? Хаттаршна жоьпашлуш долу дешнашдацахь .Тайп-тайпанчу предложенешкахь подлежащин тидамбар. 4 Дешан х1оттам 8 Девзар ду дешан дакъош (орам , чаккхе, суффикс,дешхьалхе). Хуур ду уьш билгалдаха. Девзар ду церан г1уллакхаш (суффикс, дешхьалхе- керла дешнаш кхуллу, орам- шена чохь дешан маь1на ду; чаккхе- дешнашна юкъахь уьр латайо). Девзар ду гергара дешнаш. 5 Ц1ердош 19 Девзар ду маь1на,хаттарш .Евзар ю грамматически билгалонаш (терахь ,дожар ,легар, класс); евзар ду доллара ,юкъара ц1ердешнийн башхаллаш (цхьана х1уманах яккъа тиллина ц1е, массо а х1уманах яккха тиллина ц1е). Предложенехь лелош долу синтаксически г1уллакхаш). Хуур ду церан дожар , терахь , легар билгалдаккха. 6 Билгалдош 6 Девзар ду маь1на,хаттарш. Евзар ю грамматически билгалонаш (терахь ,дожар ,легар, ); евзар ду ламе а , лаамаза а билгалдешна ,башхаллаш. Предложенехь лелош долу синтаксически г1уллакхаш). Хуур ду церан дожар , терахь , легар билгалдаккха. 7 Хандош 17 Девзар ду маь1на,хаттарш .Евзар ю грамматически билгалонаш (терахь ,хенашца хийцадалар); Предложенехь лелош долу синтаксически г1уллакхаш). 8 1амийнарг карладаккхар 12


Хуур ду предложенеш , церан меженаш , тайпанаш къасто. Къамелан дакъош , церан билгалонаш йовза. Дешан х1оттам ,гергара дешнаш , церан дакъош довза. Дешаран предметана материально-технически кхачояран гIирсаш Книгаш-справочникаш
  • Книга «Нохчийн мотт» Солтаханов Э.Х, Солтаханов И.Э 2011г
  • Журнал «Стела1ад».
  • Ж. Махмаев «Некъан абат»
  • С. Эдилов «Байт-абат».
Кабинетан технически г1ирсаш:
  • Мультимедийни компьютер.
  • Мультимедиапроектор.
  • Интерактивни доска
  • Магнитни доска




1 Солтаханов Э. Х. Нохчийн школан юьхьанцарчу классашна программаш. Соьлжа-Пала «Глобус», 2002.

© 2010-2022