Внеклассное мероприятие ко Дню чеченского языка Ларбе мотт, хазбе и

Раздел Классному руководителю
Класс -
Тип Другие методич. материалы
Автор
Дата
Формат docx
Изображения Нет
For-Teacher.ru - все для учителя
Поделитесь с коллегами:

25 апрель-Нохчийн меттан Де.
«Ларбе мотт, хазбе и …»

Вед.1-Де дика хуьлда ,тхан хьоме доттаг1ий.

Вед.2-Маршалла ду шуьга массаьрга ,х1окху дезчу дийне -Нохчийн меттан Дийне гулбеллачаьрга.

Вед.Дезденош тайп-тайпана ду :хьехархойн ,лоьрийн,студентийн иштта д1а кхин а.Ткъа хьенан дезде ду Нохчийн меттан Де?

Вед.Нохчийн мотт буьйцуш а ,1амош а и бийца лууш волчу х1ораннан а .Делахь х1ета ,массо а къоман.

Вед. Къоман уггаре коьрта билгало мотт бу. Нохчийн Маттаца схьакхачийна вайга вайн дайн-наноша халкъан иэс,,амал,г1иллакхаш. къомо шен мотт хьалаайбар ,цо шен синкхетам самабаккхар ду.

Вед. НР президента Р.А.Кадыровс шен Указца «Нохчийн меттан Де» -д1акхайкхийна апрель беттан 25-г1а де. Оцу указца цо гайтина шен матте болу ларам.

Вед. Тахана вай х1окху дезчу денца декъал дан баьхкина уггаре кегийра декъашхой-хьалхарчу классера дешархой.Ладог1ий вай цаьрга.?!

Хьехархо.Хьеший бовзийтар,царна дош далар. (журналист,поэт)

Вед. 1илманчаша дерриге а дуьненахь, кхо эзар сов къаьмнийн мотт лору.Нохчийн мотт-нохчийн къоман халкъан моттбу.

19-чу б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа Петр Карлович Услара нохчийн маттах лаьцна кху кепара яздина: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хитар даржош даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу.Мелхо а и мотт шен г1оьнца адаман ойланаш -уггаре а к1оргера аг1онаш йийцалур йолуш,ч1ог1а хьалдолуш бу»

Вед.Ткъа вайн г1араваьллачу яздархочо ,поэта Шайхи Арсанукаевс шайн «Ненан мотт» стихотворенехь аьлла хьекъале дешнаш.

9-г1а классерчу Дешархочо д1айоьшу байт Ш.Арсанукаев «НеНан мотт»

Вед.Цу хенахь дуьненан воккхачу яздархочо Л.Н.Толстойс нохчийн маттах лаьцна кху кепара аьлла хилла: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а ,хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу ,нагахь кхочуш дика иза хууш хьо велахь»Цо билгалдинарг мехала маь1на ду.

Песня: «Даймохк»

Вед. Нохчийн меттан хазалла а , исбаьхьалла а гойтуш язйина вайн яздархоша ,поэташа а Билал Саидовс,Абузар Айдамировс.,М.Мамакаевс иштта д1а кхиа.Х1инца цаьрга цхьайолчаьрга вай ладуг1ур ду.

Дешархо (под мелодию) «Со вина кавказан ломахь»А.Айдамиров.

Дешархо . Кибиев М. Ненан мотт.

Песня.

Рашидов Ш. Стих.ненан мотт.

Вед.Мотт ц1ена а, говза а буьйцучу стаге ладог1а ца к1орда до.Оцу адамех ву вайна массарна а хьомсара волу Зайнди Джамалханов.

Вед.Нохчийн къомах цхьа а стаг вац иза ца вевзаш.Цунах тахана дукха наха «меттан да «олу .Меттан 1илманча ,поэт,яздархо санна вевза тахана З.Джамалханов.

Стих -вайн мотт дуй-те( Хатуев А.)

Вед.Халкъан академика ,профессора З.Джамалхановс нохчийн матах лаьцна кху кепара аьлла. «Ненан мотт-халкъан дахаран хазна ю.Мотт адамийн уьйран а ,кхиаран а .къийсаман а г1ирс бу.

Халкъан мотт - халкъан историн куьзга ду.»

Стих.Дикаев М. «Нохчо ву со.»

Вед. Хьоме бу нохчашна Ненан мотт а ,вина мохк а ,къоман 1адат а,г1иллакх. Вайга х1ун я муха дийцалур дара б1е шо хьалха Иордане ,Шеме ,хонкаре д1абахана хиллачу нохчаша ненан мотт бицбалийтина хиллехь..

Сулейманов ахьмада аьлла:»Кхо х1ума ду кху дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш ,вовшех даьхча кхуьй а леш -Даймохккий,ненан моттий ,халккъий.» Тахана а ду сийлахь а .деза и кхоъ-Даймохккий,моттий,,къаммий-вовшех къасто йиш йоцуш.

Стих. «Даймохк» Рашидов Ш.

Вед. Ненан меттан ницкъах дуй буш САнна теша до вай М.Мамакаев Мохь мада: «… шен ненан мотт халкъо сий ойбуш 1алашбахь цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц.»

Дешархо :стих Ш.Арсанукаев «Весет»(Хаджиева Ф.)

Хазнашлахь хазна ю ненан мотт къоман ,

Ненан мотт мел беха къам дуьсу даха ,

Ткъа нагахь, мотт шеен лахь, къам лей д1адолу

ненан мотт бицбинарг сийсазво наха.

Нохчийн мотт-и къоман синхазнийн хьоста

Ларбина къийсамехь массо а ханна

Раг1 х1инца хьоьгахь Д1аэций хьаста

Ден весет кхочушде къонахчо сана

Ларбе мотт,хазбе и ца еш мало

Т1аккха хьайн весет деш к1анте д1ало.

Вед.Нохчийн мотт, хьо бека бисалахь

тахконза дисинчу аганна,

ненан мотт,хьо хезчохь бисалахь

Нана мел езачу беранна
Нохчийн мотт хьо бийца бисалахь

Ненан мотт мел безачунна

Нохчийн мотт ,хьо баха бисалахь

Нохчийн къам мел деха цуьнца.

Песня : « Ларйойла хьо везчу Далла.» (Все участники)

Дош ду нохчийн меттан хьехархочунна (Абуевой Т.И.)

Танец (лезгинка.)



© 2010-2022