Классный час ко Дню чеченского языка

Раздел Классному руководителю
Класс -
Тип Другие методич. материалы
Автор
Дата
Формат docx
Изображения Есть
For-Teacher.ru - все для учителя
Поделитесь с коллегами:

Классный час ко Дню чеченского языка.Муниципальное бюджетное образовательное учреждение

«Средняя общеобразовательная школа № 4 с. Серноводское»

Сунженского муниципального района.


В рамках реализации Единой концепции духовно-нравственного воспитания и развития подрастающего поколения Чеченской Республики

Классный час ко Дню чеченского языка.

2а класс

Классный руководитель Акиева К.Ю.

1алашо: вайн мотт угаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар.

Цхьанакхетар д1адахьаран кеп:

1-ра ведущи:

25- г1а апрель, вайна ма-хаъара, нохчийн меттан деза де лерина ду.Таханалера вайн цхьанакхетар а нохчийн маттана лерина ду. Кхузахь вай юха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар. Иштта довзуьйтур ду, вешан мотт вайна безар, даима цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а.

2-г1а ведущи:

Дуьненчохь са мел долу х1ума ненан кийрара схьа даьлла ду. Х1ун хир ду ненал сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош - кхиош, набарна дийшош, хазачу мукъамехь илли олуш, дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.

Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьллича хьана оьздангаллийца, майраллийца, комаьршаллийца, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Къоман культура ненан маттаца йоьзна ю. Ненан маттахь хьоьху дика мел дерг а. Нохчийн маттахь вайн оьзда г1иллакхаш довзуьйту хьехархоша.

1-ра ведущи:

Дуккха а ю нохчийн литературехь ненан маттах лаьцна язйина байташ. Царах цхьаъ ю шен ненан матте а, Даймахке а болу ц1ена безам бовзуьтуш, Айдамиров Абузара язйина йолу «Ненан мотт» ц1е йолу стихотворени.

НЕНАН МОТТ

Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзонийн баннашна лулахь,
Нанас со кхиийна берахь.
Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли,
Декара, дог хьоьстуш, довха,
Сан нохчийн маттара илли.
Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
Д1атуьйра набаро хьоьстуш.
Шаьш хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн-дайша даьхна и иллеш,
Декара дог 1ийжош, доруш.


Цу иллийн дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа сурташ,
Маршоне, даймахке безам,
Вайн дайша къийсамехь гайтар
Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш.
Хьоьца шен баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,
Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.
Хьоьца ду суна мел дезнарг,
Вина мохк, нанас сан хьестар.
Хьоьца ду сан велар, велхар,
Дахаре сан болу безам.
Бекалахь, ненан мотт, тахна,
Дуьнене машаре кхойкхуш,
Лаьтта т!ехь Къинхьегам, Нийсо,
Вошалла, Ире, Машар кхайкхош.

А. Айдамиров

2-г1а ведущи:

Ненан мотт ца безачунна, шен къам а, мохк а безар бац. Цуьнан сий ца лардечо, ненан сий а лардийр дац. Цунах лаьцна ч1ог1а дика аьлла Саидов Билала шен «Ненан мотт» стихотворенехь.

Ненан мотт

Хьайн ненан мотт хаахь,
Дозалла ас до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.
Цунах ма херлолахь,
Доттаг1а, варийлахь,
Ненан мотт хьайн бацахь,
Байлахь вуй хаалахь!
Хьо безаш волчунна
Пондаран аз ду хьо,
Хьайца уьйр йоцчунна
Г1ихь беза мухь бу хьо.

Хьо хууш волчунна
Йовх1арийн х1онс ю хьо,
Хьайца шовкъ йолчунна
Чам тайна стом бу хьо.
Хьо ца безаш волчо
Шен нана лорур яц,
Ненан сий цадечо
Мехкан сий лардийр дац.
Ненан мотт цахаар
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар
Маьттаза вахар ду.

Б. Саидов

1-ра ведущи: Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:

Хьешашка - оьзда,

Доттаг1чуьнга - мерза,

Мостаг1чуьнга - буьрса,

Захалонна - хаза,

Масла1атана - к1еда,

Берашка - эсала.

Амма кхетам к1езиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара 1амо а, бийца а хала хиларна т1етоьтту шайн ледарло.

Ладог1а цу тайпачу нахана йог1уш йолчу Ш.Арсанукаевн «Ненан мотт» стихотворенига.

Ненан Мотт

Доьзалехь бийцар а дастама хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
"Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!" -
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.
Ладог1ал цкъа соьга, "хьекъале корта",
Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт:
Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.
Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш - ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!
Мерза бу моз санна ша безачунна
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга
Услара даггара хестина и.
Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу,
Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш
Даима ша хилла нохчийн мотт бу.
Вайн х1алкъан ойланаш, дахар а г1ийла
Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо.
Нохчийн майралла, оьзда хийла
Зевнечу иллешкахь йекийна цо!
Сийлахьчу Октябро шуьйра некъ белла,
Тахна вай ирсехьа г1улч туьйсуш ду.
Кавказан лаьмнашкахь эшаре баьлла,
Вайн дегнаш г1иттадеш нохчийн мотт бу.
Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкъцанна,
Хаалахь, декъазниг,- хьо чьалха вуй!

Ш. Арсанукаев

2-г1а ведущи:

Нохчийн мотт хаза а, хьалдолуш а хилар ч1аг1дина оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а. XIX-чу б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа, воккхачу 1илманчас Петр Карлович Услара иштта аьлла вайн маттах лаьцна:

« Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш, цунах цхьана а кепара кхетам боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре а к1оргара аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу».

1-ра ведущи:

Ткъа вайна массарна а везаш а, вевзаш а волчу оьрсийн яздархочо Лев Николаевич Толстойс х1ара дешнаш аьлла вайн маттах лаьцна: « Нохчийн мотт угаре хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

2-г1а ведущи:

Буьйцуш мотт боцуш халкъ хуьлийла дац, цундела вай хаддаза ларбан беза, дола дан деза х1аллак ца хуьлуьйтуш, 1алашбеш схьабеанчу вешан меттан. Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Ткъа уьш д1адевлачу халкъах халкъ ала йиш яц, уьш шен халкъана ямарт хиллачарех лаьтта кхераме дог1маш ду. Вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, угара хьалха нохчийн мотт, олуш ма- хиллара, баьрче баккха беза вай.

Нохчийн мотт, хьалдолуш а, бийца атта а бу. Шен ненан мотт доггах безаш воцчунна, Даймохк а безар бац.

1-ра ведущи:

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли

Декара, дог хьостуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли

Илли «Даймохк».

2-г1а ведущи:

Бекалахь, ненан мотт, ца хедаш, ца соцуш.

Хьайн хазчу мукъамца тхан дегнаш делош!

Бекалахь, ненан мотт, тхан деган мерз хилий.

Бакъонца, машарца даха ницкъ луш!





© 2010-2022