Олимпиада по чеченской литературе (10 класс)

Раздел Другое
Класс 10 класс
Тип Тесты
Автор
Дата
Формат docx
Изображения Нет
For-Teacher.ru - все для учителя
Поделитесь с коллегами:

Олимпиада по чеченской литературе 10 класс

1.Дуьххьара арахийцина нохчийн газетан ц1е хилла: а) «Советская Автономная Чечня»; б) «Халкъан аз»; в) «Серло».

2.П.К. Услара язйина «Нохчийн мотт» учебник: а) 1862 шарахь; б) 1911 шарахь; в) 1927 шарахь.

3.Бештон ненан ц1е яра:

а) Рака1ат; б) Рукъайдат; в) Рукъият.

4.Мохьмад Мамакаев маца вина? а) 1910 шо; б) 1813 шо; в) 1920 шо.

5.Муьлхачу стихотворенин т1ера ду дешнаш? «Хьо муха буьйцур бу ас дашца? Вайн безам 1алашба0л дош ма дац Сан безам ас дашца лиэлор бац, Дош дижна, сан безам тарло бан». а) «Даймахке» Раиса Ахматова; б) «Даймахке» Мамакаев Мохьмадан; в) «Даймахке сатийсар» Гадаев Мохьмадан.

6.Нохчийн исбаьхьаллин литературан бухбиллархо ву: а) Айсханов; б) Са1ид Бадуев; в) Хамидов 1.

7.«Дерриг а доладелира Харагуьрчу Хушуллин хаза йо1 Зезаг бахьана долуш»… Муьлха роман йолало кху дешнашца? а) «Алун шераш»; б) «Ирсан орам»; в) «Зеламха».

8.«Нохчо ву со» стихотворени язйинарг ву: а) 1алвади Шайхиев; б) Дикаев Мохьмад; в) Эдилов Хасмохьмад.

9.Царех поэмаш муьлхарш ю? а) Мамакаев 1аьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь»; б) Эдилов Хасмохьмадан «Сийлахьа»; в) «Таймин Биболат»; г) Нажаев Ахьмадан «Жа1у»; д) «Эла Мусост, Адин Сурхо».

10«Ненаца дина къамел» поэма язйина: а) 1. Мамакаевс; б) М. Мамакаевс; в) Ш. Айсхановс.

11.«Шуьнехь дош» стих язйина: а) Дагаев Валида; б) Сулейманов Ахьмада; в) Усманов 1имрана.

12.Романехь хуьлу: а) к1еззиг турпалхой, к1еззиг хиламаш; б) дуккха турпалхой, дуккха хиламаш; в) цхьа хилам, цхьа турпалхо.

13.Стихотворенин «Гуьйренан зезаг» автор мила ву? а) Раиса Ахматова; б) Билал Саидов; в) Гадаев Мохьмад - Салахь.

14.Халкъан барта кхоллараллина юкъа ца йог1у: а) иллеш; б) х1етал-металш; в)кицанаш; г) туьйранаш; д) романаш.

15.«Поэтически башха жовх1арш аьлла» нохчийн иллех: а) А.А.Фета; б) Л.Н.Толстойс; в) М.Ю.Лермонтовс; г) Б.С.Саидовс.

16.Стихийн чаккхенашкахь цхьана кепара декачу аьзнех олу: а) хорей; б) рифма; в) ямб; г) дактиль.

17.Муьлхачу пьеси т1ехь гайтина Нурадилов Ханпашин васт? а) «Стагах теша»; б) «Ц1ен г1ан»; в) «Разведка»; г) «Лийрбоцурш».

18.Драматически театрехь директоран болх бина: а) 1аьрби Мамакаевс; б) Ошаев Халида; в) Хамидов 1абдул-Хьамида; г) Абузар Айдамировс.

19.Муьлхачу пьеси т1ехь гайтина Нурадилов Ханпашин васт? а) «Стагах теша»; б) «Ц1ен г1ан»; в) «Разведка»; г) «Лийрбоцурш».

20.Муьлхачу шарахь араяьлла С.Бадуевн «Ц1еран арц» ц1е йолу повесть: а) 1929 шарахь; б) 1927 шарахь; в) 1930 шарахь; г) 1931

© 2010-2022