9-чу классехь нохчийн меттан урок Кхачаман тIетуху предложенеш

Раздел Другое
Класс 9 класс
Тип Конспекты
Автор
Дата
Формат docx
Изображения Нет
For-Teacher.ru - все для учителя
Поделитесь с коллегами:

Кхачаман тIетуху

предложенеш синтаксически таллар


Iалашо: Кхачаман тIетухучаьрца йолчу чолхе-карарчу предложенех

лаьцна Iамийнарг тIечIагIдар. Предложенин синтаксически

талламаш шарбар. Даймахке безам кхиор.Дешархойн дозуш

долу къамел кхиор.

Урок дIаяхьар

I. ЦIахь бина болх таллар

I. Дешархошка хаттарш:

- Муьлхачу тIетухучу предложенех олу кхачаман тIетуху предложени?

- ХIун хаттар хIоттадо оцу тIетухучу предложенина?

- Муьлха синтаксически гIирсаш хуьлу кхачаман тIетухурш коьртачарах дIахуттурш?

- Царах муьлхачу гIирсех хуьлу тIетухучу предложенин меженаш?

2. Толлу цIахь дешархоша кхочушдина шардар.

II. Iамийнарг карладаккхар

I. ДIаязйо предложенеш

Хийламмо йийцина хьо, Кавказан исбаьхьа хазалла. Набаран тар тесча гIенах дуьхьал а туьйсуш, сайн нанна тIаьхьа со беран хенахь ма-велххара, хийла вилхина со хьуна, со вина, со кхиийна болу сан нана Даймохк. Карадац суна дешнаш хьо бийца а, хасто а! Амма цхьана а тайпана ницкъ хир бац хьоьга болу бовха безам сан кийрара башо.

- Стенах лаьцна дуьйцу хIокху диктанта тIехь?

- Адамийн муьлха сатийсамаш бу кхузахь буьйцурш?

- Муха ю автора шен Даймахках ен ойланаш?

- Шен Даймахке болу безам муха гойту автора?

- Стеган дахарехь Даймохк уггаре сийлахь, беза, хьоме хилар стен гойту?

III. Керла коьчал йовзийтар

Коьртачу предложени чохь долу дош я дешнийн цхьаьнакхетар дукхачу хьолахь хандош я хандешан форма кхетош йолчарах кхачаман тIетуху предложен иолу. Царна луш долу хаттар цIерниг дожарехь ду.

I. Хуттурган дешнаша (юкъаметтигаллин цIерм., куцдешнаший).

2. Бохуш, аьлла бохучу карарчу хуттургаша. М/а: хезна суна, Кавказ Iаламан мохк бу бохуш.

IV.Iамийнарг тIечIагIдар

I. Кхочушдо № I86 шардар, п.49 йоьшу.

V. ЖамI дар

VI. ЦIахь б/б. П.49, шардар № I88.



© 2010-2022