Нохчийн литературан 8 чу классехь йиллина урок Безаман декхар

Раздел Другое
Класс 8 класс
Тип Конспекты
Автор
Дата
Формат docx
Изображения Нет
For-Teacher.ru - все для учителя
Поделитесь с коллегами:

Урокан ц1е: Мамакаев 1.Ш. «Берзан бекхам»

l. Мотиваци яр.

Де дика хуьлда шу,бераш! Вовшашка маршалла а хоттуш, дешар беркате а деш охьаховша.

ll. Актуализаци яр.

III.Ц1ахь елларг таллар.

(Тобанера цхьаммо олу шайна белла ц1ера болх)

1-ра: х1ораммо бовзуьйту шаьш 1амийна стих-н б1ог1амалгаш.

2-г1а: анализ стихотворенин.

3-г1а: суьрташ Даймахках лаьцна.

4-г1а: реферат яздархочун дахар а,кхоллараллах а лаьцна.

(Цул т1аьхьа х1ора тобано бовзуьйту шаьш кхочушбина болх)

-Х1инца шаьш дийцинарг т1еч1аг1де, вовшашка хаттарш ло.

-«Даймехкан декхаро г1аттийна вог1у со» бохучу мог1анех муха кхета шу?

-Уггар хьалха хьан хьалха ду вай декхарехь? (Нанна)

-Ненан сий муха лара деза боху поэта?

-Адамийн бен кхин хьенан хуьлу нана езар,ларъяр?(дийнатийн,акхаройн, олхазарийн )

lV.Тема схьаеллар. (Регулятивни УУД)

-Тахана урокехь стенах лаьцна дуьйцур ду вай? (Ненан безамах)

-Муьлха 1алашонаш х1иттайо вай вайна хьалха?

1аморан: Стихотворенехь ненан -берзан шен к1езе болу сатийсам а,безам а гайтаран башхаллаш. К1еза шех даккхар нана-барзо цалар а,адамашна цо бина бекхам а.

Кхиоран: Авторан царах дог лазар.

Кхетош-кхиоран: Акхарошка а, дийнаташка а ,олхазаршка а безам кхиор.

Нана,ненан безам мел боккха бу иза. Ненан-берзан безам ,иза муха бу те?

И хуур ду вайна Мамакаев 1.Ш.язйина «Берзан бекхам» ц1е йолу стих-ни ешча. Цкъа хьалха Мамакаев 1.дахар а,кхолларалла а довзуьйтур ду вайна Амнатас.

V.Реферат яздархочух лаьцна.

Дешархочо довзуьйту яздархочун дахар а, кхолларалла а.

-Муьлха 1алашо яра вайна хьалха? (Ненан-берзан безам муха бу хьовса)

V.Стихотворени з1еца ешар. (Познавательные УУД)

-Х1инца вай з1еца стихотворени йоьшур ю.

-Ца кхеташ дешнаш дуй цу стихотворенехь?

-Д1аязде далахь.

-Дошамех пайда а оьцуш довза ца кхета дешнаш.

-Х1ора тобано довзуьйту керлачу дешнийн маь1на.

-Суна кхин а ма карийна кхета хало ду аьлла дешнаш.Деша а доьшуш, д1аязде.

Vl. Дешнаш т1ехь болх бар.

Боьра-к1орга 1ин.

Йорт -чехка болар.

Пхьаьрчий-ж1аьлеш.

Дохнах х1оз бина -т1егулдина.

Г1уьнжар-б1аьргаш (аг1ор) раз хьоьжуш хилар.

Vll.Физминот.

-Цхьажимма сада1ий вай.

Vlll.Ешнарг къастор.

-Стихотворени ешча,х1ун ойла кхоллаелира шун?

-Х1ун маь1на ду х1окху стихотворенин?(Беран а,ненан а безам)

-Ненан безам сел боккха хилар мичхьа гучудолу? Д1аеша и меттиг (14ст.)

-Шена орцах еана нана хааеллачу к1езано дечух лаций дийца.Муха гайтина и оцу хенахь поэта? Схьа а лахий, д1аеша и меттиг.(12 ст.)

-Авторан нана-барзах а,цуьнан к1езанах а дог лозуш хилар стен хоуьйту вайна?(д1аеша и меттиг 15 ст.)

(Межпредметная связь)

-К1еза а дайна,синтем байна хьийза нана-борз гойтуш поэта шен стихотворенехь тийжа,йоьлху боху далийна дешнаш муьлха къамелан дакъош ду?Х1ун бахьана ду уьш юкъа далоран?Цара х1ун гойту?

(дар я хилар гойту хандешнаш ду уьш,борз адаман сибатехь гойту)

-Шен к1еза д1адаьхьанчарна х1ун бекхам бира барзо?

(Связь с жизнью)

-Дагадаийтийша, цхьанне а хезний, барзо шена динарг ца дуьту олуш?Вайна дахарера цхьа а масал хаьий шуна? (дешархоша дуьйцу шайна хезнарг)

(краеведение,метапредметная связь)

-Хьан эр дара,вай Нохчийчохь мича меттехь 1аш ю берзалой?Муьлхачу ярташкахь? (лаьмнашкахь,хьаннашкахь: Бамутехь, Сержин-юьртехь, Калаусехь,Гехи чу.)

lХ. Тобанашца болх.(Задания разного уровня)

1-ра тоба: Синквейн «Нана»

2-г1а тоба: Эпитеташ схьаязъе тетрадаш т1е

3-г1а тоба: К1еза яхьинчу стеган васт х1оттаде.

4-г1а тоба:Вай ненан а,берзан а безам бустар.(сравнение)

Дешархоша бовзуьйту шайн тобанан болх.

Х.Мах хадор.

Тобанаша вовше мах хадабо. Хьехархочо олу шена хетарг.

(притча гойту оьрсийн маттахь, маь1на дойту берашка)

Хl.Рефлекси

-Х1ун керланиг девзи шуна тахана урокехь?

-Х1ун хазахийти шуна?

-Вай урокан х1оттийна 1алашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?

-Т1ейог1у урок муха хила лаьара шуна?

Хll. Шайн даго къобалбина болх, ц1ахь кхочушбе.

1.Шайна дукхадезаделла б1ог1амалгаш дагахь 1амаде.

2.Берзалойх лаьцна дийцар язде.

3.Проект «Ненан безам».







Хьехархо: Батиева Тоита Вахаевна.

© 2010-2022