Перевод сказки Хорсам Репка

Раздел Другое
Класс -
Тип Конспекты
Автор
Дата
Формат docx
Изображения Нет
For-Teacher.ru - все для учителя
Поделитесь с коллегами:

Туьйра «Хорсам»

Гочдархо Ибрагимова З.М.

Воккхачу стага хорсам д1адийна.

Воккхачу стага х1ара къамел дира:

«Хорсам доккха хьалакхиа,

Боккха хастом кхиийта

Алсам хи хьуна дуттур ду,

Со воккхавеш , хьо кхуьур ду!»

Вокхха стаг:

-Вай, ма ч1ог1а г1елвелла со,

Жиммал наб ян мегар ду!

Д1ахьошверг:

-Воккха стаг шек воцуш наб еш ву,

Амма хорсам кхуьуш ду.

Гуьйре еъна т1е ма кхечи,

Вокхха стаг а самавели.

Кхеравелла д1а - схьа хьаьжи.

В.с.

- «Схьадаккха дезаш хорсам ма ду,

И х1инца доккха хилла хир ду.

- Гуш ду суна хорсам бешахь…

Ма хаза кхиина , ма доккха хилла!»

Д.

Амма хорсам реза дац,

Ша схьадаккхийта лууш дац!

(воккха стаг тасавелла хорсамах)

Ж1онк:

- «Маржа я1, воккха стаг,

Ма каде вац хьо,

Со-м хорсам даций,

Со ж1онк ма ду!

Б1аьргаш билаза ву техьа хьо?

Хорсамел б1ойттозза дуткъа ма ду со!

Ж1онкийн сок ца мелла ахь?

Со тоьхна чорпа ца йиина ахьа?

Цхьа къайле а ма ю сан,

Витаминаш соьца мел дуккха ю!

В.с.

- Схьадола, тускарна чу дала.

- Х1ара ма тамашийна х1ума ду!

Б1аьста аса д1адийнарг хорсам ма ду!

- Х1умма а дац, кх1узахь х1орш шорта ду.

(воккха стаг тасавелла хорсамах)

Картол:

- Вай, вай, вай ахь х1ун до, воккха стаг?

Со-м хорсам даций, со картол ма ю!

И ца хууш цхьа а цициг ма дац!

Массо а хастоьмийн корта со ма бу!

Шозза шиъ санна хууш ма ду,

Чоьрпий чоьхь картол яцахь,1айг буйна ахьа ма лаца.

Чипсаш сох еш ма ю!

Со хьан коьрта хастом ма бу!

В. с

Схьайола, тускарна чу яла.

Со-м сай хорсам схьалаха воллу!

- Хьо ма к1орга лаьтта буха дахана!

(воккха стаг тасавелла хорсамах)

Копаста:

Ванах воккха стаг, хьо цомгуш вукха.

И сникерш дукха йиъна ахь?

Киношка дукха хьежна хьо?

Пеша т1ера чу-м ца кхетта техьа хьо?

Копаста ца евзачу т1е ма ваьлла хьо!

Со хорсамах тера ма яц!

Цунна т1ехь цхьа ч1ор бен дац!

Амма соьца уьш цхьа б1е ма ду!

Цхьа а нуьда йоцуш ду!

Воккха стаг, со копаста ма ю!

Со ца хилча салат есса ма ю,

Муьлхха а яах1ума со т1е тоьхча

Иттозза дика хуьлуш ю!

Кхи т1е, со хи чу йолла йиш ю.

1а чекхдаллалц со юуш ма ю

В.с

Хьайола хьо а, тускарна чу яла.

- Ванах, х1ара ма тамашийна х1ума ду!

Ши сахьт кху хесан т1ехь со воллуш ду,

И хорсам да мукъане мичахь ду?

Х1ара доллург дукха и, со тешна ву!

(в.с тасавелла хорсамах)

Буракъ:

Баьргийн куьзганаш дайна те хьан?

Я шайт1ано корта хьовзийна те хьан?

Буракъ хорсамах тараелла хьуна?

Со-м цулла б1ойттазза хаза ма ю!

Пайдехь, мерза а со ма ю.

Чорпа ма яц, буракъ ца хилча!

Винегретта а чам ма бац, со тоьхна ца хилча.

Амма со-х ахь котлеташ яхь,

Уьш яа хьо волалахь,

Бакъ ма ду, хьо азлур ву.

Со хьан коьрта хасстом ма бу!

В.с

Схьайола тускарна чу яла, меттиг хьуна а карор бу.

-Ванахь и хорсам мичахь ду те?

Х1арам дац те?

(в.с. тасавелла хорсамах)

Хох: Сан бос хорсамах жимма тера бу.

Амма со хох бу,

Жиммал к1он ма хуьлу со.

Халкъана дика бевзаш бу со.

Уггаре мерза шашлык хуьлу,

Цунна улле билча со!

Яах1ума еш болчу нахана,

Ч1ог1а безаш бу - кха со.

Чорпанна а, хударана а, со т1етуху,

Пираьшкаш еш а юкъатуху,

Цамгаршна кхераме со бу.

Грипп сох ч1ог1а кхоьруш ду.

Со хьан коьрта хасстом ма бу!

В.с

Тускарна чу хаа хьо а.

- Вайна буьйса хуьлуш ю.

Стиглахь бутт а гучу болуш бу.

Со ц1а ваха веза!

Кхана хьалххе г1аьттина,

Хорсам лаха вог1ур ву!

Суна - м наб т1ег1ерташ ю.

Вай, х1ара тускар мел деза ду.

Машен елхьара ма дика хир дара!

Мел дика кхиийна хасстоьмаш!

Кху т1ехь туьйра чекхдели,

Ладог1арна, баркалла!





© 2010-2022