Урок чеченского языка Коьрта а, коьртаза а меженаш

Раздел Другое
Класс 9 класс
Тип Конспекты
Автор
Дата
Формат docx
Изображения Нет
For-Teacher.ru - все для учителя
Поделитесь с коллегами:

Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш

Iалашо: Грамматически а, маьIнин а подлежащи а, сказуеми а, цуьнан

тайпанаш а карладахар. Ненан матте безам кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор.

I. Хьехархочун дош

Вайна ма-хаъара, предложени екъало меженашка. Уьш хуьлу коьрта а, коьртаза а. Тахана вай карлайохур ю и меженаш.

Маса тайпана хуьлу подлежащи?

- Предложенин муьлхачу меженех олу сказуеми? Дийца цуьнан тайпанаш.

- Маца юьллу подлежащиний, сказуеминий юккъе тире?

- Муьлхачу меженех олу кхачам?

- Муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало иза?

- Муьлхачу меженах олу къастам? Муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало иза?

- Муьлхачу меженах олу латтам? Дийца цуьнан тайпанаш.

II. Iамийнарг карладаккхар

I. Кхочушдо № I65-гIа ш.

Делахь а, со бахьана долуш нахана лелачу сингаттамаша бIарзвина со.

Сих а ца луш, маьхьсеш а, мачаш а тIеюха волавелира воккхастаг.

Урамехь адамаш гучудийла девлира.

Безткъе бейтта кIур бара цу юьртах хьалаболуш.

- Муьлхачу къамелан дакъойх хилла уьш?

2. ДIаязйо предложенеш, синтаксически толлу уьш.

Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а уггаре а ца хилча йиш йоцу гIирс бу. Иза хьекъалан а, ойланан а хазна. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культуран бух бу. Иза кIорггера дика Iамор вайн декхар ду.

«Мотт ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре а мехала гIирс бу» хIунда аьлла?

Схьадийца К.Паустовскийс ненан маттах лаьцна аьллачу дешнийн маьIна.

Саидов Б. язйинчу «Ненан мотт» цIе йолчу а, Арсанукаев Ш. язйинчу изза цIе йолчу стихотворени тIера шайна дагадогIу строфаш дIа а еший, церан маьIнаш дийца.

- Ненан меттан маьIна муха лору поэта?

3. Барта кхочушдо 8I-гIа шардар.

Билгалйоху цхьалхечу предложенин кепаш (юьхьан, билгала - юьхьан, билгалза-юьхьан, юкъара-юьхьан, юьхьза).

4. ДештIаьхьенийн нийсаяздар карладаккхар.

Къовларш схьа а йоьллуш, дIаязъе.

ТIоьрмиг чу (дехкира), нанна (тIаьхьа) веара, жима кIант (тIе) веара, хи (чуьра) хьалаелира, сихха (чу) вахара, хенал (тIаьхьа) ян йолийра, машен (чохь) Iара, адамел (хьалха) вогIура, тхов (тIе) туьйхира, дитта (тIера) дуьйжира, меже (чуьра) яьккхира.

- ХIун башхаллаш ю дешхьалхеннийн, дештIаьхьенний юкъахь.

III. ЦIахь б/б. Шардар № I68-гIа. Карлаяха цхьанатайпанара а, шакъаьстина меженаш.

© 2010-2022