• Преподавателю
  • Другое
  • Конспект урока по чеченскому языку на тему: Лексикологин маь1на. Омонимаш. Синонимаш. Антонимаш

Конспект урока по чеченскому языку на тему: Лексикологин маь1на. Омонимаш. Синонимаш. Антонимаш

Раздел Другое
Класс -
Тип Конспекты
Автор
Дата
Формат docx
Изображения Нет
For-Teacher.ru - все для учителя
Поделитесь с коллегами:

Нохчийн меттан интернет-урок 10-г1а класс

Лексикологин маь1на. Омонимаш, синонимаш, антонимаш.

Маршалла хаттар. Урокан дарс д1аалар.

Марша дог1ийла шу, хьомсара дешархой! Д1айолор ю вешан рог1ера урок. Вайх Дала бина къинхетам бу, тахана эвххьаза, дуьззина шен ненан маттах ала дош хилар, ненан маттах долу дош ала йиш хилар.

«Хьайн ненан мотт хаахь,

Ас дозалла до хьох,

Даггара и безахь,

Ас хастам бо хьуна.

Цунах ма херлолахь,

Доттаг1а, варийлахь,

Ненан мотт хьайн бацахь,

Байлахь вуй хаалахь!»


Билал Саидов.

Вай байлахь дац, вай дозалла дан ненан мотт бу, и дебош цу т1ехь болх беш меттан 1илманчаш бу, меттан хазалла, исбаьхьалла вайна йовзуьйтуш, шайн говзаршца, яздархой бу. Коьртаниг, и бовза, бийца лаам хилар ду..Со тешна ю, вай цу тобанах хиларх.

___________________________

Вайн урокан тема ю: Лексикологин маь1на. Омонимаш, синонимаш, антонимаш.

Хьалха д1аяханчу урокашкахь 1амийнарг карладоккхур дувай. Омонимех, синонимех, антонимех лаьцна юьхьаьнцара кхетам вай болуш бу. Цо вайна г1о дийр ду лексикологин маь1на довза.

I. Карладаккхарна хаттарш:

1.Стенах олу лексика?

2. Омонимаш стенах олу?

3. Синонимаш стенах олу?

4. Антонимаш стенах олу?

1.Стенах олу лексика?

Меттан дерриге а дешнех лексика олу. Масала: коч, мотт, йовлакх, к1ади, лерг, лам, ов, нехча, ц1е, ча, раг1у, бепиг.

2. Омонимаш стенах олу?

1. Алар а, яздар а цхьаъ а долуш, тайп-тайпана маь1наш долчу дешнех омонимаш олу. Масала: не1 (ду)-бежанан ц1ока; некъ (ю)-чу-ара вала оьшуш йолу.

3. Синонимаш стенах олу?

Алар а, яздар а тайп-тайпана долуш, гергара маь1наш долчу дешнех синонимаш олу. Масала: йол, буц, докъар, цана; шовда, хьоста, к1улла.

4. Антонимаш стенах олу?

Б1останехьа (дуьхьал) маь1наш долчу дешнех антонимаш олу. Масала: лекха-лоха; тиша-керла; лакхахь-лахахь.

________________________________________

2.Керла тема йовзийтар

1. Меттан дешнаш (лексика)1амочу меттан 1илманан декъах лексикологи олу. Лексикологин дакъош ду: 1) семасиологи (семантика), 2) фразеологи, 3) диалектологи, 4) лексикографи, 5) этимологи.

Дешнийн тайпанаш, церан маь1наш 1амочу лексикологин декъах семасиологи (я семантика) олу. Семасиологехь 1амайо омонимаш, синонимаш, антонимаш, архаизмаш, неологизмаш, историзмаш, деалектизмаш, терминаш и.д1.кх.а

Синонимийн тайпанаш вуно дукха ду. Вай царех цхьадолу тайпанаш билгалдохур ду:

  1. маь1нийн синонимаш,

  2. юьззина синонимаш,

  3. фразеологически синонимаш,

  4. стилистически синонимаш,

  5. морфологически синонимаш,

  6. синтаксически синонимаш,

  7. текстови синонимаш,

  8. лексически синонимаш,

  9. грамматически синонимаш.

________________________________________

1. Маь1нийн башхаллашца къесточу синонимех маь1нийн синонимаш олу. Масала: говр, дин, кхел, алаша.

2.Маь1ница цхьа тайпа башхо йоцуш нислучу синонимехь юьззина синонимаш олу. Масала: кхаллар, бепиг; лингвист, языковед.

3.Шех фразеологически цхьанакхетар хуьлучу синонимех фразеологически синонимаш олу. Масала: куьйгаш т1ехь лелаво (дика лелаво, дика кхобу).

4.Стилистически суртх1отторца къесточу синонимех стилистически синонимаш олу: Масала: оба, барт; бат, муц1ар.

5.Морфологически билгалонашца къесточу синонимех морфологически синонимаш олу. Масала: 1илманча, 1илманхо; белхахо, белхало.

6.Предложенин меженийн синтаксически билгалонашца къесточу синонимех синтаксически синонимаш олу. Масала: екхна (сказуеми)-малх хьаьжна(подлежащи, сказуеми шиъ цхьаьна нисло).

7.Морфологически а, синтаксически а синонимех грамматически синонимаш олу: и ший тайпа юкъалоцу.

8.Текстехь нислучу синонимех текстови синонимаш олу. Масала: Эсхаджиев Якъуб 1илманан кхеташонехь вара. Иза меттан 1илманча ву.

9.Маь1нашца а, стилистически суртх1отторца а къесточу синонимех лексически синонимаш олу.

_____________________________________________

Дошамаш х1иттор 1амочу лексикологин декъах лексикографи олу. Нохчийн меттан дешнийн хазна дахарехь а, юкъараллехь халкъо а, литературехь, 1илманехь вайн дошамаша а ларъеш ю.

Дошам - (словарь)-меттан дешнаш, дешнийн хазна т1ехь йолу жайна ду. Масала: 1942-чу шарахь арахецна 8000 дош т1ехь долу Хь,Г.Гугиевн «Орфографически словарь». 1961-чу шарахь, 20000 дош т1ехь долуш арахецна А.Г.Мациевн «Нохчийн-оьрсийн словарь». 1978-чу шарахь, 40000 дош т1ехь долуш, арахецна А.Г.Мациевн, А.Т.Карасаевн «Оьрсийн-нохчийн словарь». 1975-чу шарахь арахецна 10000 дош т1ехь долу И.Ю.Алироевн «Вайнехан меттанийн, диалектийн шакъаьстинчу дакъойн лексикан дустаран-дуьхьалх1отторан дошам». Дошамаш кхин а ю, царех лаьцна вай т1аьхо дуьйцур ду.

__________________________

2. Х1инца вай дуьйцур ду дешнийн маь1нех лаьцна.

Дешнаш цхьа маь1на дерш хуьлу, дукха маь1на дерш хуьлу. Масала: лам, кад, бел-цхьа маь1на бен дац оцу дешнийн; 1) мотт-буьйцу мотт, 2) багара мотт, 3) х1ургонан (ворданан) мотт, 4) доьхкаран мотт, 5) хьийзачу д1аьндарго лоцу мотт, 6) мачин мотт, 7) д1авуьжу мотт.

3.1амийнарг т1еч1аг1дар

1. Д1аязде дешнаш, шина б1ог1аме декъа. (Цхьа маь1на дерш, масех маь1на дерш)

Лам, нехча, раг1у, бепиг, ц1е, ча, хьех, м1ара, мотт, лерг, ов, коч, йовлакх, к1ади, кад.

Цхьа маь1на дерш: коч, йовлакх, к1ади, лам, нехча, раг1у, кад, бепиг;

масех маь1на дерш: мотт, лерг, ов, ц1е, ча, хьех, м1ара.

2.Масех маь1на долчу дешнийн маь1на даста. (барта-устно)

Мотт-(буьйцу мотт, вуьжу мотт, мачин мотт, багара мотт, доьхкаран мотт)

Хьех-(диттан тайпа, акха газа, бердах яьккхина хьех)

Лерг-(коьрта меже, мангалан г1олан лерг)

Ц1е-(кхерчар ц1е, стеган ц1е)

Ча-(акхаро, к1а хьаькхча дуьсу ча)- ишттачу дешнех масех маь1на долу дешнаш олу.

___________________________________



  1. Синонимаш даладе х1окху дешнашна:

Онда дег1 долу стаг -

Оза, къена говр -

Ц1ен-къорза етт -

Ма1аш йоцу етт -

Ма1аш йолу газа -

Кийра боьссина бала -

Къинхетам боцу стаг -

Онда дег1 долу стаг-( зоьртала)

Оза, къена говр- (1аспар)

Ц1ен-къорза етт-( тарг1ал)

Ма1аш йоцу етт-( дирша)

Ма1аш йолу газа-(кирша)

Кийра боьссина бала-( сингаттам, г1айг1а)

Къинхетам боцу стаг-(къиза, буьрса, дера)

_________________________________________________

Алар, яздар къаьсташ ду,

Цхьана маь1нехь хуьлуш ду.

Мотт хазбан, и куьце бало

Оьшуш ду уьш юкъадало

(Синонимаш)

-------------------------------------------------------------

  1. Антонимаш даладе х1окху дешнашна: атаг1и, бертахь, гамо, дахар, каде .

Атаг1и (низина)-акъари (возвышенность)

Бертахь (согласно)-бертаза (насильно)

Гамо (вражда)-безам (любовь)

Дахар (жизнь)-1ожалла (смерть)

Каде (ловкий)-партал ( неуклюжий)

Вайн и дешнаш яздо, доьшу-

Къамелехь уьш ч1ог1а оьшу

Дуьхь-дуьхьал ду церан маь1наш.

Х1ун дешнаш ду дуьйцурш т1аккха?

(Антонимаш)

5.Даста х1окху дешнийн маь1на: не1, н1аьна, дин.

Не1 (ю)-чу-ара вала оьшуш йолу, чохь 1ачу ц1енна х1оттийнарг;

Н1аьна (ю)-борг1ал (петух), н1аьна (бу)-к1едачу лаьтта юкъахь бехаш а, ч1ерий дохучу м1ера т1е тосуш а йолу сагалмат; дин (бу)-т1ехуу говр, дин (ду)- Дела цхьаъ веш, пайхамар (Д.с-м.х.ц.) бакъ веш долу бусалба дин (ислам).

Алар, яздар цхьаъ долуш,

Маь1нашца ду къаьсташ уьш.

Иштта дешнаш даладахь,

Дуьйцурш хир -(Омонимаш)

__________________________________________________________

Вай х1инца къемел кхиош, кхета хала долчу дешнийн маь1наш къестош, цадевзарг довзуьйтуш, д1аяздийр ду.

Аркхо, бокказ, гоьза, гоьмукъ, динбухка, долма, жовх1ар, кхезг, туьдург, тутмакх -девзий вайна х1окху дешнийн маь1наш.

Иштта хир ду церан маь1наш:

Аркхо-шнур для привешивания свадебной занавески, за которой стоит невеста; бокказ-кожа;

гоьза-коновязь; гоьмукъ-копье; динбухка-ключица; долма-голубцы; жовх1ар-жемчуг; кхезг-очаг; туьдург-толкователь; тутмакх-арестант, заключенный (человек, находящийся под стражей).

------------

Х1окху урокехь вай шуьца дийцира лексикологин маь1нех лаьцна, карладехира омонимех, синонимех, антонимех лаьцна долу хаарш.

Х1инца вай билгалбоккхур бу ц1ахь бан болх.

Муьлхачу маттера даьхкина нохчийн матте х1ара дешнаш: баркалла, беркат, 1аламат, ирс, х1аваъ, нигат, пекъар, хабар, верас, хас, зулам, къилба, жоп, пайда, дуьне, масла1ат, тайпа, дов.

Х1ара дешнаш 1аьрбойн маттера схьаэцна лоруш ду, масала: баркалла-баракааллах1; беркат-баркатун; 1алаьмун-1аламат; ирс-ирс; х1аваун-х1аваъ; нийятун-нигат; факъир-пекъар; хабарун-хабар; варизун-верас; хаасун-хас; зулмун-зулам; къиблатун-къилба; джавабун-жоп; файдатун-пайда; и.д1.кх.а.

Муьлххачу а къамнийн меттанаш а ду кхечу къаьмнийн меттанашкара дешнаш т1еоьцуш кхолладелла. Коьртаниг шен бу аьлла, Дала шена схьабелла шен ненан мотт кхиор, дешнийн эвсаралла совъяккхар т1ехь къахьегар ду.

Ненан мотт кхио а, цуьнан сий-пусар дан а, дайх дисина оьзда г1иллакхаш лардан а Дала хьекъал а, хьуьнар а, могашалла а лойла вайна.

Пайдаэцна литература:

1.Джамалханов З.Д., Вагвпова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт-8-9 класс» Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2013 шо

2. Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» педучилищан 1-2-чуй курсийн студенташна учебник. Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1985 шо.

3. Джамалханов З.Д. «7-чу классехь нохчийн меттан синтаксис хьехар» Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1982 шо.

4. Эсхаджиев Я.У. «4-8-чуй классашкахь нохчийн мотт хьехаран методика» Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1987 шо. 5. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала 2012 шо.

6. Эдилов С.Э. « Нохчийн меттан синтаксисан практикум». Соьлжа-Г1ала Издательство «Альфа-Пресс», 2011 шо.

7. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала, 2005 шо.

8. Ирсаханов И. «Х1инцалера нохчийн мотт» Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1965 шо.



© 2010-2022